…Дала мукъ лахь, Нохчийчоь цIанйийр ю-кх вай, массо а вочу хIуманах…

Кхаарин сарахь дуьйна дIаболийна Соьлжа-ГIалин урамашна дезинфекци яран белхаш.

Урамашна дезинфекци яран хьалхарчу сарахь Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан а хилира Соьлжа-ГIалин урамашкахь, дIахьочу белхашка бIаьрг а тухуш.

Нохчийчоь мел болчу ун-баланах а маьрша а, цIена а хирг хиларх ша тешна хилар хаийтира цо.

Билгалдаккха догIу, республикин коьртачу шахьаран урамашна дезинфекци ярехь дакъалоцуш 19 машен ю, ткъа царна оьшшучу хIуманна гIо-накъосталла деш Россин Къоман гвардин Нохчийн Республикехула йолчу Урхаллин белхахой а бу.

Оханан (апрель) беттан 5-чохь дуьйна иштта белхаш дийнна республикехула а дIабахьа лерина.

№26, оханан (апрель) беттан 3 де, 2020 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: