Мискачарна 124 млн. гергга ахча делла Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу фондо

Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун А-Хь.Кадыровн цӀарахчу Регионан Юкъараллин фондан президентан Несин Айманин сацамца нийса а догӀуш, хала бохкучу доьзалшна ахчанца гӀо-накъосталла дан билгалдаьккхина 124 млн гергга сом ду. Telegram чуьрчу шен каналехь иштта хаам бина республикин Куьйгалхочо.

Кадыров Рамзана билгалдаккхарехь, оцу ахчанах, хьалхарчу муьрехь, 6 190 доьзална 20 эзар соьмаш лур ду, тӀаккха, шолгӀачу муьрехь, 12 094 доьзална юкъахь дӀасадоькъур ду дисинарг.

№28, оханан (апрель) беттан 10 де, 2020 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: