
– Антисептикаша чIогIа ларво коронавирусах бохуш, наха дукха дIаиййина, аптекашкахь хала карош ю уьш. Цара санна оцу коронавирусах стеган куьйгаш лардан кхин хIумма а юй?
– Антисептикаш а, молханаш а, кхин-кхин мел ерг а адамо кхуллуш ю, шен куьйгашца. Уьш эца ахча дала а деза. Ткъа коронавирус адаман куьйгашна тIера дIаяккхарна уггаре а пайдехь йолу хIума маьхза а ю, Дала кхоьллина а ю – иза биргIанна чухула охьадогIуш долу хи ду.
Оцу хица, ткъех секундехь, куьйгаш дилчахьана, адаман куьйгашна тIехь нагахь коронавирус елахь, иза охьайолуш ю аьлла, хилла сацам бу-кх.
Жоп/хьоста: Сулейманов Эльхан – НР-н могашаллаIалашъяран министр
– Ванах и коронавирус йийцар бен, кхин болх бац нехан тIаьхьарчу шина баттахь… Туьканашкара я базара эцначу сурсаташца хила а, царах адамана тIеяла а кхерам болуш юй иза?
– Халахеташ делахь а, сурсатийн тIехуларчу чкъура тIехь а, кехата тIехь, ур-атталла эчига тIехь а хила тарлуш ю COVID-19 аьлла, хилла сацам бу дуьненахь а мел болчу говзанчийн.
Цундела, лакхахь динчу хаттарна жоп а луш, билгалдаккха догIу иза туьканара а, базарара а эцначу стоьмийн а, хасстоьмийн а чкъурашна тIехь а хила кхерам хилар.
Муха ларвала веза? Ша эцна долу кхачанан сурсаташ (хуьлда уьш стоьмаш я хасстоьмаш), чу ма-кхеччи, дила а дилина, тIаккха бен охьадахка мегар дац.
Жоп/хьоста: Термулаева Рита – Роспотребнадзоран НР-ла йолчу Урхаллин куьйгалхо
№28, оханан (апрель) беттан 10 де, 2020 шо