Коронавирусца къийсам латторан декъехь ГӀалгӀайчоьнна гӀо-накъосталла деш ю Нохчийн Республика. Дечу гӀоьнна юкъа медицинин гӀирсаш а, молханаш а, и.дӀ. кхиерг а йоьду.

Нохчийчохь еш йолу мӀаьжигаш а, уьнна дуьхьалонна лерина барзакъ а кхаьчна луларчу республике хӀинцале а – цхьа машен йоьттина.
Кадыров Рамзана билгалдаьккхина, Нохчийчоьно, шен ницкъ кхачаре хьаьжжина, гӀалгӀайн махкана гӀо-накъосталла дан дезаш хилар… ХӀокху халачу муьрехь къаьсттина а деш.
№28, оханан (апрель) беттан 10 де, 2020 шо