Транзитан машенаш республикехула дIасалелаш ю

Нохчийн Республикехула транзитан машенаш маьрша дӀасалелаш хилар хаийтина Кадыров Рамзана.

«ХӀора а дийнахь, сурсаташ а, кхиболу гӀирсаш а эцна, республикехула, 300 сов машен, еш новкъарло а йоцуш, Дагестане а, Азербайджане а, Казахстане а йоьдуш ю. Царна оьшшуш долу гӀо-накъосталла дан кийча Ӏедалан белхахой а бу». Иштта билгалдаьккхина республикин Куьйгалхочо.

Цул сов, федерацин тӀегӀанерчу трасси тӀехь долу хьал, машенахь а волуш, ша а теллина Кадыров Рамзана. ЖамӀ – я ГӀалгӀайчоьца а, я Дагестанца а долчу нохчийн дозанехь лаьтташ а, чу ца буьтуш а нах я машенаш яц.

Иштта, Хонкарарчу водительца къамел а хилла цуьнан.

«Нохчийн Республикехула дӀасавахарна еш новкъарло цахиларал сов, оьшшуш долу хьелаш кхолларна а баркалла бохура цо», – яздина республикин Куьйгалхочо.

№28, оханан (апрель) беттан 10 де, 2020 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: