Республикехь дезинфекци еш 831 стаг а, 45 машен а ю

Республикехь жигара дӀахьош бу коронавирусца къийсам латторан а, дезинфекци яран а белхаш. Цунах лаьцна хаийтина Даудов Мохьмада.

Парламентан спикера бинчу хаамца а догӀуш, республикехь дезинфекци яран белхашкахь дакъалоцуш 831 стаг а, 45 техника а ю.

Оцу адамех 300 гергга стаг а, техниках 19 машен а Соьлжа-ГӀалахь дезинфекцин белхаш дӀабахьарехь дакъалоцуш ю.

И белхаш хӀора а сарахь дӀахьош бу.

№28, оханан (апрель) беттан 10 де, 2020 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: