«Иэс»

76

Иштта цIе йолуш ю Кусаев Iадизан керла книга. Цу юкъаяхана автора тIаьххьарчу шерашкахь язйина говзарш: стихаш, поэмаш, дийцарш, повесть, гочдарш.

Шена тIе тидам бохуьйтуш ю «Нохчийн дахаран аматаш» стихийн цикл. «ХьолтIамаш», «Даьттаха», «КIалдмарзаш», «Сискал», «Нитташ», «Хьуьнан кхор», «Хьаьмцаш», «До», «Куьрк», «Товха», иштта цхьамогIа кхин а стихаш ю циклехь цхьаьнатоьхна. Оцу стихийн цIерша шаьш довзуьйту церан чулацамах дерг. Масала, «Куьрк» стихотворенехь автора яздо:

РагIу кIелахь – куьрк. Дайн дахар-Iеран

Нохчийн кертахь хилла билгало…

БIаьрхьалха ду суьрташ берахьлера –

Бералле дIавуьгу цара со.

ЦIе латийна, нана хиъна охьа,

Деха пийсак кара эцна шен,

ХьаьжкIаш кхарза, кечъеш хьера яхьа,

Буьртигашка бос оцуьйтуш цIен.

 

«Сан ирс, сан дозалла…» поэмехь I.Кусаевс дагалоьцу кхоллараллин бехачу новкъахь шеца цхьаьнабеттабелла нохчийн яздархой. Дозаллица дуьйцу цо Арсанов СаьIидбейца, Ошаев Халидца, Мамакаев Мохьмадца, Мусаев Мохьмадца, Муталибов Зайндица, Музаев Нурдинца, Сулаев Мохьмадца, Дикаев Мохьмадца, Гайсултанов Iумарца, Ахматова Раисица, Хатуев Iабдулхьамидца, Кибиев Мусбекца, кхечу нохчийн яздархошца шен хиллачу уьйр-марзонех.

Суо валлалц сайн иэсехь латтор бу ас

Сайн хилла хьехамчаш, доттагIий даим.

Сан лерехь декаш ду хIораннан аз –

Цкъа а диц дан вайн йиш йоцург дай и-м.

БIешерашкахь ехар ю и цIерш, шайн сий дан,

ТIаьхьенна, йоцурш а дахарехь хезна,

И ц1ерш ю деза ирс, дозалла сан,

Я чот, я мах боцу дахаран хазна, – ерзайо поэта дагалецамийн поэма.

Поэзехь, публицистикехь болх бар мал ца динехь а, тIаьхьарчу хенахь Iадиза мелла жигара даьккхина прозин декъехь болх бар. Цунна тоьшалла до керлачу книги юкъадаханчу дийцарша а, повесто а. Дахаран а, кхоллараллин белхан доккха зеделларг долчу I.Кусаевна поэзин дозанаш гатделлачух тера ду дешархошка шена ала луург дIаала. Оцу белхан мах хадор ешархошна тIехь а дуьтуш, тхуна лиънарг ду керла книга араяларца Iадизан кхолларалла езачаьрга кхаъ баккхар.

 

Хь.АБАЕВ  

 еара, май беттан 28-гIа де, 2015 шо, № 58

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: