ХIора а сарахь, 9 сахьт даьлча, доIа дийр ду мехкан Муфтис

…Я АллахI, Везан Дела, Хьайн езткъе ткъаессана хазачу цIеран дуьхьа, Айхьа доссийна сийлахьчу Къуръана дуьхьа, Хьайн бIе ткъе виъ эзар Пайхамаран дуьхьа, Хьайн сий долчу Элчанан дуьхьа, хIара Ислам дин тхуна тIекхаччалц схьадеанчу Iеламнехан дуьхьа тхан доIина жоп лохьа…

Лараме махкахой! Бусалба дин, Нохчийн къам, вайн Даймохк хIокху уьнах Везачу Деле ларбар доьхуш, хIора а сарахь, 9 сахьт даьлча «Нохчийчоьнан дог» маьждигехь доIа дийр ду Нохчийн Республикин муфтис Межиев Салахь-Хьаьжас (Дела реза хуьлда цунна). Нохчийчоьнан коьртачу маьждигера дуьххьалдIа йолу эфир дIахьур ю «Грозный» НПТРК-с, ткъа иштта, социалан сеташкахь а.

«Оцу беркатечу хиламехь дакъалацар доьху вай вайн махкахошка. Вайн декхар «Амин» алар ду. Мухьаммад Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла, доIа дечунна а, цунна тIаьхьара «Амин» олучунна а Везачу Дала жоп ло аьлла», – билгалдаьккхира Межиев Салахь-Хьаьжас.

№29, оханан (апрель) беттан 14 де, 2020 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: