Кадыров Рамзан: Ун-баланах ас лардийр ду сайн халкъ

Нохчийн халкъ ун-баланах лардаран декъехь мел оьшург ша дийриг хилар хаийтина республикин Куьйгалхочо.

Цо билгалдаккхарехь, коронавирусца къийсам латторан Iалашонца махкахь дIахIоттийна къепе талхош болу нах юьртабахаман декъе хьовсор бу – шайн гIуда такха а, махкана пайда балийта а.

Кадыров Рамзана хаийтина лакхахь хьахийна къепе цхьамма талхийна аьлла, цуьнан доьзална гIуда тухург цахилар – бехк болчо ша токхур ду шен гIуда – ялта дIадуьйш, аренашкахь оханаш деш, и.дI.кх.а.

«Сайх лаьцна хIуъа дийцарх а бен ца хета суна. Унбаланах нохчийн халкъ Iалашдан мел догIург дийр ду-кх ас!», – аьлла республикин Куьйгалхочо.

№29, оханан (апрель) беттан 14 де, 2020 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: