Республикин пачхьенерчу 4 дарбанцIийнехь автономе 5 тоькачIана хIоттийна «Чеченэнерго»-н говзанчаша:

— Ш.Эпендиевн цIарахчу Клиникин дарбанцIийнехь – 1;
— Инфекцийн цамгарийн декъерчу Республикин клиникин туьшахь – 1;
— №3 йолчу Клиникин дарбанцIийнехь – 1;
— №4 йолчу Клиникин дарбанцIийнехь – 2.
Коронавирусан инфекцица къийсам латторан муьрехь дархойн хьашташ кхачам боллуш кхочушдан лоьрийн йиш хилийтарна бина болх бу иза.
№29, оханан (апрель) беттан 14 де, 2020 шо