Минкаилов Эльбрусан 60 шо кхачар

минкаиловбилгалдаьккхира Зорбанан цIийнехь

Актови зала чохь дIатоьхна йоккха баннер яра иза Iилманча, яздархо, гочдархо  хилар хоуьйтуш Карарчу хенахь «Орга» литературин журналан коьрта редактор  ву.

Минкаилов Эльбрусе шайн болу ларам гайта баьхкинчу нахана юкъахь бара цуьнца еххачу заманахь цхьаьна белхаш бина а, гергара а  нах. Царна юкъахь вара Нохчийн Республикин яздархойн союзан председатель Ибрагимов Канта, халкъан яздархо Бексултанов Муса, Iилманча Джамбеков ШаIрани, бевзаш болу журналисташ Сумбулатов Дени, Кусаев Iадиз, поэт Ахматукаев Адам, яздархо Айдамирова Машар, иштта дуккха а кхиберш.

Цхьаьнакхетар дIахьош яра Нохчийн Республикин хьакъйолу журналист Газиева Аза. Цо доцца элира Эльбрусан Iилманах, гIиллакхех лаьцна. Дош ала сцени тIе кхайкхинчу К.Ибрагимовс а тIечIагIдира Минкаилов Эльбрус мехала  1илманча, гIиллакхе  адам  хилар.

«Ша делла дош лардар, гIуллакхна тIехь шалхонаш цаезар, нохчийн,  дуьненан литература т1ехдика  йовзар,  цунна  анализ ян  хаар ду Эльбрусехь. Иза энциклопедин хаарш долу говзанча ву», – элира цо.

Бексултанов Мусас а тоьшалла дира иза шен болх дукхабезаш, ша Iамийначу студенташца къахьегарехь хьанал чекхваьлла стаг хиларна.

Дагадаийта лаьа, Минкаилов Эльбруса дуккха а шерашкахь болх бина Нохчийн пачхьалкхан университетехь. Цо Iамийна студенташ республикехь а бевзаш бу говза хьехархой санна. Иза нохчийн меттан а, литературин а Iилманча санна вевзаш  вара, амма тIаьхьарчу шерашкахь гучуделира цуьнан яздархочун  похIма.

Цул сов,  Эльбрус литературин критик ву. Ткъа иза мехала ду къоман литература кхиорехь.

Юбиляраца цхьаьна балхахь волчу Сумбулатов Денис билгалдира иза дог цIена, къоман кханенах, литературех дог лозуш стаг хилар.

Даздарш самукъане миноташ йоцуш хуьлийла а дацара. Гуттар а санна, забарийн кочар дохьуш веанера  нохчийн  кхузаманан «Молла-Несарт» Исламов Султан. Цо хилларш-лелларш вайн заманах лаьцна забарш йовзийтира, юкъ-кара иллеш а олуш. Хьалха-Мартант1ера артист Исраилов Дени «Захало» дохьуш веанера, Исхаджиева Таисас (нохчийн Анна Германа) самукъадаьккхира шен цIеначу озаца  йиш лекхна.

Э.Минкаиловн  юбилей иза ша санна, шалхонаш йоцуш, хала лела ца дезаш, дагна, бIаьргашна аьхна чекхъелира.

60 шо хаза хан ю, дахаран, Iилманан,  дан ма-деззара пусар деш, къахьега волало хан бен яц иза. Дала дукха вахавойла хьо.

Безамна суьрташ дохуш дерзийра цхьаьнакхетар.

З.ШАЛИЕВА

 еара, май беттан 28-гIа де, 2015 шо, № 58

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: