«Даймохк» газет кхоьллина оханан (апрель) беттан 23-чу дийнахь 97 шо кхечи. Оцу еххачу хенахь нохчийн къомана тIехIиттина халонаш ловш, кхиамех самукъадолуш, халкъан синъоьздангаллин кхерч хилла лаьттина газет.

Барам боцуш йоккха хазна юкъайиллина газето нохчийн хьал-бахам, ламасташ, истори, литература, ненан мотт, Iилма, культура кхиорна. Нохчийн сийлахьчу къонахаша – Эльдарханов Таьштамира, Арсанов СаIидбейс, Ошаев Халида, Мамакаев Мохьмада, Музаев Нурдис, Муталибов Зайндис, Нашхоев Руслана, Кусаев Iадиза, Габисов Бийсолтас, Кагерманов Доккас, Магомаев Салавдис, Магомаев Ширванис, Абдулаев Лечас, дуккха а, дуккха а кхиболчара – доккха дакъалаьцна газетан дахарехь, лаккхарчу тIегIанехь иза латторехь.
Тахана «Даймохк» газето Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин некъа тIехь доггах къахьоьгу.
Мехкан дахар ма-дарра гойтуш, амма 97 шо хьалха ша некъ бан доладелчахьана шен коьртачу ламастана – къоман синъоьздангаллин кхерч хилла латтарна – юьстах а ца таьIаш схьадогIу газет, шен коьртехь Нохчийн Республикин хьакъволу журналист, поэт, Нохчийн Республикин Юкъараллин палатин декъашхо Шамсудинов Бувайсар а волуш.
Массо хенахь Нохчийчохь долу дахар тергалдеш, шайн аьтто моссазза бели, Даймахка цIа а богIуш, амма «Даймохк» газетан хIора а лоьмар цуьнан интернетерчу сайта тIехь ларъеш, йоьшуш, хIокху махкахь хуьлучу дикачу хийцамех баккхийбеш Iаш бу Делан рицкъанаша Хонкара, Шема, Иордане бигна, цигахь бехаш болу нохчий.
Доьналлех ца бухуш, нохчийн мотт, къоман ламасташ, гIиллакх-оьздангалла лардеш, кIорггера бусалба дин Iамош, даггара и лелош бехаш болчу царна а доккха хазахетар ду газет арадолу 97 кхачар.
«Даймохк» газетан белхахой а, дерриге нохчийн халкъ а декъалдо ас цуьнан 97 шо кхачарца! ХIинццалц а санна, мехкан а, къоман а дуьхьа хьанал къахьега Дала ницкъ, доьналла, хаарш, могашалла ма иэшайойла шуна!
№32, оханан (апрель) беттан 24 де, 2020 шо