Хьоме махкахой! Ас даггара декъалдо шу Нохчийн меттан денца!

ХIара рузманан деношна а, вайн республикерчу хиламашна а юкъахь шатайпа къаьсттина, уггаре а мехалчарах, сийлахьчарах деза де ду. Ненан мотт боцуш хуьлийла дац я нохчийн халкъ а, я цуьнан истори а, шатайпаналла а, культура а.
Ненан шурица вайх дIаийна нохчийн мотт, цундела, ненан маттахь дечу къамелаца йолу юкъаметтигаш вайн нене йолу ойланаш санна лара мегар ду. Ненан мотт боцуш хуьлийла дац шен лаьтте, халкъе, дайн махке болу безам.
Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас хьалхарчу метте хIоттадора нохчийн мотт, йоза Iалашдар, кхиор оьшуш хилар. Масех маттахь шерра къамел дан хууш хиллехь а, цо даима а коьрта лорура нохчийн маттахь къамел.
Ахьмад-Хьаьжина Iаламат дика бевзара ненан мотт, безара иза, тхан берриге а доьзале и безам схьа а белира. Со даима а цецвохура муьлххачу а стага къамел дечу хенахь, ша цхьаъ бен нийса боцу, вовшашна тIеэца бегIийла йолу сацам тIеэцарна гIо деш долу дешнаш цунна карош хиларо. Цунах боллу нохчийн меттан ницкъ.
Республикина уггаре а хала еъначу хенахь Ахьмад-Хьаьжас жигара гIолоцура мотт толлуш болчарна, яздархошна, нохчийн мотт бовзуьйтуш а, кхиош а болчарна массарна а.
Цуьнан тIедилларца дIадолийра Соьлжа-ГIалахь газеташ, журналаш, книгаш арахецар, ненан маттахь телепередачаш, радиопрограммаш дIаяхьар.
Тахана вай дIакхоьхьу Ахьмад-Хьаьжас болийна некъ, нохчийн мотт Iалашбарехь, кхидIа а кхиорехь керлачу кхиамашка кхочу. Вай къаьсттина боккха тидам тIебохуьйту кегийрхой синъоьздангаллин ойланехь кхетош-кхиорна, къоман культура чIагIъярна, кхиорна.
Ламасталлин хилла дIахIиттина ненан мотт Iалашбарна тIехьажийна республикехь дIахьош йолу конкурсаш, фестивалаш, конференцеш, форумаш. Вайн халкъана шатайпа билгало (символ), хьал, дозалла хилла дIахIоьттина нохчийн мотт.
Шен мотт ларамца ларбар, иза Iалашбар, кхиор сийлахь декхар лору хIора а нохчичо.
Лараме махкахой! Даггара декъалдо шу дезачу денца! Шун ирс, могашалла, токхе хьал, ненан матте доза доцу безам хуьлийла лаьа суна!
№32, оханан (апрель) беттан 24 де, 2020 шо