«Даймохк» газет а, цуьнан белхахой а декъалбо…

ХIокху дуьнен чохь мел волчу нохчийн халкъан векале доккха салам-маршалла ду соьгара! Тахана дезде ду нохчийн журналистикин – дуьненахь а, нохчийн маттахь а цхьаъ бен доцчу «Даймохк» газетан 97 шо кхечи.

Цхьа а шеко йоцуш, халкъан газет ларалуш ду иза, хIунда аьлча, ша арадала доладеллачу 1923-чу шарахь дуьйна, таханене кхаччалц, шен халкъана гиннарг гуш а, шен халкъо лайннарг ловш а схьадеана ду иза.

Газетан редакци нохчийн меттан пхьалгIа хилла лаьттина ю гуттар а, ткъа цуьнан белхахой – нохчийн меттан гIаролхой. Иштта хилла а, долуш а ду, кхидIа хир долуш а ду, Дала мукъ лахь!

Беккъа цхьа нохчийн мотт бовзийтина Iаш дац газет, цо нохчийн маттехула йовзуьйту истори, культура, дин, дахар, Iалам, и.дI.кх.а. – вуьшта аьлча, нохчийн маттехула йовзуьйту Нохчалла – нохчийн халкъан некъ.

Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас чIогIа лоруш хилла газет ду «Даймохк».

Шен ден некъ дIахьош волчу Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана а тидамза ца дуьту иза – шен дас ма-ларрара, лоруш а ду цо «Даймохк», шен дена ма-деззара, дезаш а ду цунна иза. Ишттий бен иза хуьлийла а дацара, хIунда аьлча, шен сил дукха нохчийн халкъ а, нохчийн мотт а безаш ву Ахьмад-Хьаьжин Рамзан.

Сайн а, нохчийн мел болчу журналистийн а цIарах ас даггара декъалдо «Даймохк» газет а, цуьнан коьрта редактор Шамсудинов Бувайсар а, редакцин коллектив а газетан 97 шо кхачарца.

Дуьнен чохь нохчийн халкъ мел деха дехийла нохчийн халкъан «Даймохк» газет а! Дала тIаьхье беркате йойла!

Дудаев Ахьмад,
Нохчийн Республикин Куьйгалхочун гIоьнча, «Грозный» НПТРК-н директор

№32, оханан (апрель) беттан 24 де, 2020 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: