Нохчичун дахарехь даима а, шатайпа деза хилла мохккий, моттий, да-наний… Цундела, ша винчу, кхиъначу лаьттах Даймохк аьлла цо. Нохчаша буьйцу мотт шира мотт бу.
Иза цхьана а тобанна юкьа а ца богIу. Шен башхаллаш а, исбаьхьалла а ю цуьнан. Иштта, шатайпанчу нохчийн маттахь зорбане долучу республикин «Даймохк» газетан 97 шо кхочу хIокху оханан (апрель) беттан 23-чу дийнахь…
Боккха мур бу иза. Газетан кхоллам нохчийн халкъан кхолламах тера нисбелла. Иштта бен хуьлийла а дацара иза. Нохчийн халкъо ловш йолу хало а ловш, цуьнан хилла зовкх а доькъуш, бехха некъ бина «Даймохко».
Нохчийн халкъан интеллигенцин аьхна кхерч хилла иза даима а. Вайн халкъан дуьххьарлера яздархой, журналисташ кхиъна цуьнан тхов кIел. Нохчийн йозанан мотт Iалашбина ца Iаш, нохчийн къоман оьзда гIиллакхаш а лоруш, оьздангаллица къаьсташ хилла газетан редакцин коллектив…
Таханлерчу дийнахь Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана нохчийн къоман гIиллакхаш а, мотт а Iалашбарехь дIахьочу гIуллакхашкахь доккха дакъа лоцуш схьабогIуш бу газетан журналисташ…
Ткъа газетан оьмарехь уггаре а доккха хазахетар дара Мехкан Дас Нохчийн меттан де дIакхайкхор! Цундела, я экономикин а, я политикин а карчамашка дог-ойла ца йожайойтуш, таханене схьакхаьчна, схьадогIуш ду газет.
Шен цIахь, шен махкахь, Къоман маттахь газет хилар Далла хастам бу. Луур ду «Даймохк» газет нохчийн хIора хIусамехь доьзалан газет хилла зама йогIийла.
Нохчийн мотт кхиорехь, Iалашбарехь цуьнан белхахойн коллективан а, коьртачу редакторан а синъайам, доьналла, де-дийне мел долу совдолийла! Кхоллараллин лаккхара кхиамаш а бохуш, могаш-маьрша шу дехаш, эзар шаре яхлойла газетан оьмар!
ВАХИДОВ Iилман, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун пресс-секретарь – Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а администрацин хаамийн урхаллин хьаькам
№32, оханан (апрель) беттан 24 де, 2020 шо