Лараме махкахой! Ас декъалдо шу БIаьстенан а, Къинхьегаман а денца!

Хьалхара Май къинхьегаман адамаш цхьаьнатухуш долу дерригхалкъан дезачу денойх уггаре а хьомечарах цхьаъ ду. Иза кхолларан, кхоллараллин, къинхьегаман ламасташ даздаран, керлачу кхиамашка гIертаран деза де ду.
Дуьненахь пандеми яржарца доьзна, кху шарахь вай иза билгал ца доккху вайн хьомечу пачхьенан майданашкахь, урамашкахь. Амма, цуьнга хьаьжна доцуш, оцу дезачу дийнан маьIна лах ца делла вайна. Экономикин дерриге а дакъошкахь лаккхарчу жамIашка кхочуш долчу Нохчийн Республикин халкъо къаьсттинчу дог-ойланца тIеоьцу хIара башха де.
Цуьнан, ша-шен цакхоор, къинхьегам, кхоллараллин шовкъ бахьанехь регионо йоццачу хенахь дIаехира тIеман чалхийн лараш, Россин зазадоккхуш йолчу, уггаре а кхерамазаллин регионех цхьаъ хилла дIахIоьттира.
Нохчийн Республиикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас дIаболийна некъ, тIаьхьало йоллуш, дIа а кхоьхьуш, дерриге а халкъан Iаламат боккха къинхьегам бахьанехь, вай эшийра ерриге а халонаш, гуттаренна хIаллакйира терроризм, дерриге а дуьненахь лоруш болчу цкъа а гина боцчу кхиамашка кхечира.
Тахана Нохчийн Республика, цуьнан хазалла, яртийн, гIаланийн, урамийн цIеналла, куц, кхузаманахьлера дукхагIаьтнаш долу комплексаш, стадионаш, садаIаран меттигаш, хаза, Европехь уггаре а даккхий маьждигаш, Россехь девзина ца Iаш, цуьнан дозанел генна арахьа а девза.
ХIора шарахь Россерчу, дозанал арахьарчу мехкашкара вай долчу хьошалгIа богIу эзарнаш туристаш. Церан барам хаддаза алсамболуш а бу. Вай дозалла до вайн кхиамех, къинхьегам безаш долчу вайн халкъах. Амма шега кхаьчнарг вайн таронийн доза дац. Хьалха лаьтташ ю дуккха а лакхара Iалашонаш а, алссам яккхий планаш а.
Оцу дерригено таро хуьлуьйтур ю вайн регион мехкан коьртачу, шен экономика кхиъначу, субъектех цхьаъ йина дIахIотто.
Тешна ву вайн халкъана къинхьегам безар, иза билггалчу Iалашоне гIертар бахьанехь билгалдинарг кхочушдан вайн ницкъ кхочург хиларх.
Хьоме доттагIий! Ас декъалдо шу Хьалхарчу Майца! Даима а оьшийла шун къинхьегам, дIадолор, билггалчу Iалашоне кхача гIертар, хьакъ боллу мах хадабойла цуьнан! Шу маьрша дехийла, шун могашалла, хазахетар, кхиам хуьлийла лаьа суна!
№34, хIутосург (май) беттан 1 де, 2020 шо