Медицинин сихачу гӀоьнан республикин станцина 20 «Газель» оьцур ю хӀутосург (май) баттахь. Иштта хаам бина Кадыров Рамзана.

Нохчийчоьнан Куьйгалхочо билгалдаккхарехь, медицинин машенаш «C» классан тӀегӀанехь хир йолуш а, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Регионан юкъараллин фондо оьцур йолуш а ю.
Дагадаийта догӀу Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан цӀарахчу фондо карарчу баттахь а медицинин машенаш эцна хилар – «B» классан тӀегӀанехь йолу 10 машен.
№34, хIутосург (май) беттан 1 де, 2020 шо