– Коронавирус яьржича дуьйна беш цхьа тидам бу массара а – мел лийриг цунах леш ву. Кхидолу лазарш дIадевлла? Царах кхелхаш цхьа а вац?

– Иштта хаттарш тхоьга а дукха кхочу. Амма иза дуьйцуш ма ду денна а. Коронавирус чIогIа вуон, кхин вуон хилча ца маггал, вуон цамгар ю. Цунах мел лешверг ву-кх кхечу цамгарша лаьцнарг. Иза бохург хIун ду?! Кхечу цамгарша гIелвина, кIадвина, дIаихначу шераша къанвина стаг, хIокху цамгаро лоций, вуьйш ву.
Цундела бохуш ма ду вай – шаьш а, шайн доьзалш а ларбахьара – иза оццул вуон цамгар йолу дела.
Жоп/хьоста: Сулейманов Эльхан – Нохчийн Республикин могашаллаIалашъяран министр
№34, хIутосург (май) беттан 1 де, 2020 шо