Бахархойн дIасалеларан къепе ларйойтур ю

Iедало ларйойтур ю бахархойн дIасалеларан къепе. Иштта хаам бина Кадыров Рамзана.

Республикин Куьйгалхочо билгалдаккхарехь, бинчу талламо гучудаьккхина хаза доцу сурт – дуккха а бахархоша чохь Iеран раж ларъеш цахилар.

«ГIаланашкахь а, ярташкахь а бу чохь Iеран раж ларъеш боцу бахархой – шайна а, шайн доьзалхошна а арахула лелар магош бу уьш. Амма вай реза долуш хIума дац иза! Коронавирусан инфекци дIасаяржарна кхерам бу ишттачарах», – яздина Кадыров Рамзана Telegram чуьрчу шен каналехь.

Коронавирусан инфекци дIасаяржарна дуьхьало яран декъерчу Кадечу штабан декъашхошна бахархошка дIасалеларан къепе ларъяйтар тIедиллина республикин Куьйгалхочо.

№34, хIутосург (май) беттан 1 де, 2020 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: