I.Вахидов: Харц видеон авторийн хьокъехь НР-н Куьйгалхочо дина дIахьедар законна тIедоьгIна кхето деза

Харц видеон авторийн хьокъехь Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана дина дIахьедар цхьа а тайпа шалхе йоцуш, законна тIедоьгIна кхето деза.

Юкъараллехь тешаме йоцу юкъаметтигаш чIагIъярна я кхолларна тIехьажийна йолу шеконаш кхуллу чулацам болу видеокийсакаш муьлхха а тайпа дIасаяржоро жоьпалле озор лоьху 31-ФЗ а, 27-ФЗ а законаша.

Цул сов, ишттачу гIуллакхаша юкъараллехь хаамаш цхьабосса гойтуш цахиларна хьелаш кхуллу, шен рогIехь, харц хаамаш зорбатохарна, даррехь харц дерг дийцарна тIедаладо, шуьйрачу хаамашкахь галморзахаллаш кхоллаяларна тIедало а тарло.

Оцу тайпана болчу хаамаша тIаьхьо дуккха а барамехь комментареш кхуллу, царна тIехь соцсетех пайдаоьцуш болчара шайна юккъехь бевллачу къовсамашкахь гIиллакх-оьздангалла бохург диц а дой, вовшийн аьшнаш бо, вовшашна тIеюьтту боьха Iавраш.

БIешерийн йохаллехь кхоллаеллачу нохчий менталитето, культуро, ламасташа, гIиллакхаша, стеган шен низамо бакъо ца ло шаьш аьшнаш бар жоп доцуш бита, ур-аттал интернетехь а.

И дерриге а бахьанехь дар-дацарш кхоллало оцу гIуллакхан декъашхошна юкъахь, уьш дIадаха хала а хуьлу. 2010-чу шарахь дуьйна Нохчийн Республикин динан урхаллин леррина йолчу комиссис къастийна, цхьалхадаьккхна 1 237 дов. Цундела гIолехь хета хила тарлуш болу къовсамаш ца хуьлуьйтуш сацор, тIаьхьа церан тIаьхьенаш нисъян гIертачул а.

Кхолладеллачу хьолан нийса мах хадош ду Кадыров Рамзана дина дIахьедар.

Оцу хенахь Нохчийн Республикин куьйгалло, зорбанан хьокъехь долчу законна, законийн кхечу акташна тIе а тийжаш, мехала а, оьшуш а лору шайна тIехь чIагIдарийн ондда бух болуш я журналисташа нийса бинчу талламийн буха тIехь кхоьллина йолу видеороликаш яржор.

Оцу кеппара масал хилла дIахIутту хаамийн шуьйрачу гIирсаша а, церан векалша а беш болу корматаллин болх.

Иштта дацахь, харцонаш яржош болчарна, законаца нийса а догIуш, хьокъала доллу таIзар дан догIу.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: