Соьлжа-ГIаларчу 8-чу Мартан урамехь ю бIаьрзечарна лерина республикин библиотека. БIаьрзечу нехан хьашташ кхочушдина ца Iаш, библиотекина гуонахарчу школашкарчу дешархошца а кхетош-кхиоран, культурин белхаш бо цигарчу библиотекарша.
21-чу майхь Соьлжа-ГIалин №34 йолчу школин 2-чу классийн дешархошна лерина «Светофоран баьццара бос» аьлла, берийн некъан кхерамазалла лакхаяккхарна лерина, некъан бакъенаш йовзуьйтуш, цхьаьнакхетар хилира цигахь. Библиотекин инновацин-методикин отделан заведующис Базаева Совдана бераш кхетар долчу маттахь, доцца, амма хаза дуьйцура некъан бакъенех лаьцна.
Интерактивни у тIехь видеосуьрташ гойтуш хаттарш деш, ловзаран кепехь дуьйцура некъ хадочу хенахь нислучу чолхенех. Цу хьокъехь берашка хаттарш дора, бераша, дукха хьолахь, нийса жоьпаш а лора.
Хууш ма-хиллара, т1екхаьчна аьхкенан каникулаш. Цундела мехала ду берашца оцу кепара кхетош-кхиоран болх бар. Библиотеке деанчу хIора берана совгIат дира библиотекин директора Заурбекова Маликас. Цул тIаьхьа библиотека йовзуьйтуш экскурси яйтира берашка.
«БIаьрзечарна а ма лаьа вайна санна книгаш еша а, Iилма довза а, дуьненчохь хуьлуш долчунах кхета а. Цундела Брайлан шрифтаца книгаш еша Iемина вайн дукхах болу бIаьрзе нах. Царна лерина ю хIара чоьнаш. БIаьрзечеран литературин фонд а йоккха ю», – аьлла книгаш гайтира Совдана. Книгийн шкафашна чохь болу бахам багарбира цо: «Брайлан шрифтаца библиотекин чоьтехь 5446 аудиокассета а, 720 сидирома а, 1158 аудиокнига а (флежкашна тIехь), 1740 книга а ю».
Берашна, шайга куьг Iуттуьйтуш, гайтира Брайлан шрифт. Царна юкъахь истори, туьйранаш тIехь долуш аудиокассеташ ю баккхийчарна а, берашна а лерина.
Леррина ладугIура бераша. Гуш дара церан цIеначу дегнех бIаьрзечеран дахар хьакхаделлий. Ишттачу хьехамаша оцу берийн къинхетам, Iилмане безам кхиабо.
Бераш далош еанчу Соьлжа-ГIалин №34 йолчу школин юьхьанцарчу классийн хьехархочо Эльмурзаева ГIистама элира: «Оха школехь дийцинчунна тIе, кхузахь, библиотекин белхахоша а дийцича, оцу берашна пайдехь дерг Iемар ду, гуттар дагахь а лаьттар ду. Тхо даккхийде кхара берашна гайтинчу «Светофоран баьццара бос» ловзарех а, библиотекехула йинчу экскурсех а». Бераша дош делира аьхка жигарчу книгашъешархойн могIарашкахь хила.
З.ЯХЪЯЕВА
Авторан сурт
еара, май беттан 28-гIа де, 2015 шо, № 58
