ТIеэцна Нохчийн меттан орфографин коьрта бакъонаш

Оханан (апрель) беттан 29-чу дийнахь, №83 йолчу шен Указаца «Нохчийн меттан нийсайаздаран коьрта бакъонаш» тӀеэцна Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

Оцу бакъонийн буха тӀехь кхуьур болуш бу кхидӀа йолчу ханна нохчийн мотт, ткъа шаьш, и бакъонаш, хӀора а 3 шо мел долу, тӀеюзуш а, цӀинъеш а хир йолуш ю.

Нохчийн мотт керлачу бакъонийн хорша берзоран а, «Нохчийн меттан орфографин дошам» кечъяран а болх Нохчийн мотт а, истори а кхиоран институтана тӀебиллина.

№35, хIутосург (май) беттан 5 де, 2020 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: