Республикин берийн клиникин дарбанцӀийнехь схьайиллина 100 дархочунна лерина керла Инфекцийн туш

Кхузаманахьлерчу туьшахь аьтто бу, СанПиН-ан лехамашца а догӀуш, «Берийн инфекцеш» декъехь оьшуш долу медицинин гӀо-накъосталла даран къепенца белхаш дӀабахьа.

Дархошна лерина маьнгеш кислородана тӀетесна ду. Иштта, азотаца а, вакуумца а кхачо а йолуш ю керлачу туьшахь.

Юьйцуш йолу туш йина ялар а, схьаеллар а карарчу шеран чаккхенехь бен хила дезаш дацара.

Делахь а, республикин Куьйгалхочо, дуьненахь а, махкахь а хӀоьттина хьал тидаме а оьцуш, схьаелларна сихояр тӀедиллинера белхалошна.

Цигахь, иза схьаелларехь, хиллачу Кадыров Рамзана билгалдаьккхира оцу балхана ша чӀогӀа реза хилар.

«Туш ярехь къахьегначу говзанчийн лаккхара тӀегӀа хилла», – яздина республикин Куьйгалхочо.

№35, хIутосург (май) беттан 5 де, 2020 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: