«Мархийн бутт чекхбалар даздийр дуй вай бохуш, сих-сиха хоьтту соьга соцсеташкахь. Жоп ло: нагахь санна чохь Ӏеран рожан тӀаьххьарлера денош, вай, лехамашка хьаьжжина, лардахь, Делан къинхетамца, доггӀуш билгалдоккхур ду», – аьлла, яздина Кадыров Рамзана Telegram чуьрчу шен агӀонехь.
Иштта жоп делла республикин Куьйгалхочо карарчу беттан чаккхенехь тӀекхочуш долчу мархадастаран дийнан хьокъехь.
№35, хIутосург (май) беттан 5 де, 2020 шо