Хьоме махкахой! Вайн исторехь къаьсттина де ду таханлераниг – Нохчийн Республикин халкъийн иэсан а, лазаман а де.

Дахаран хIора дийнан гIуллакхашна юкъахь вай цхьана а секундана ца дицдо вай, вайн сий, сий-ларам, паргIато ларъеш хIаллакьхилларш. Вай дозалла дарца дагалоьцу историн тайп-тайпанчу муьрашкахь вайх къаьстинарш, амма гуттаренна а вайн дегнашкахь бисинарш.
Историн тайп-тайпанчу муьрашкахь Iаламат даккхийчу зерех чекхдала дезна вайн халкъан, Iаламат баккхий иэшамаш лайна. Вайн дайн массо а хенахь кхечу меттигашкара вайн мохк дIалаца баьхкинчарах, Iазап латточарах, карахь герз а долуш, лардан дезна вешан латта. Чингисхан а, Тамерлан а тIелатар, паччахьан рожан ямартлонаш, Сталинан таIзарийн къизалла, дуьненаюкъарчу террористийн а, экстремистийн а боьха гIуллакхаш. Оцу хIора зерах сийлаллица чекх а долура нохчийн халкъ.
ЦIий Iанош чекхбаьллачу шина тIамо вайн лаьтта тIехь, вайн дегнашкахь йитина дIайоьрзур йоцу кIорггера чевнаш. Церан тIаьхье яра бIеннаш эзарнаш хIаллакьхилларш, тIепаза байнарш, бохийна бахамаш, къелла, юкъаралла екъаялар. Тахана вай дагалоьцу терроризмаца латтийначу къийсамехь турпалаллица Iожалла тIеэнарш, Россин цхьаалла, йозуш цахилар ларйинарш.
Гуттаренна а вайн дегнашкахь дисина Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин турпалаллин хьуьнар. Вайна уггаре а хала хиллачу минотехь цо а, цуьнан накъосташа а шайна тIеийцира нохчийн халкъан хиндолчух долу жоьпалла, шайн дахарш дIалуш ларбира вайн Даймохк – Росси. Ахьмад-Хьаьжас, шена хаддаза туьйсуш кхерамаш боллушехь, тIаьхьало йоллуш а, ша-шен ца кхоош а ларйора шен халкъан бакъонаш, хьашташ. Исламан орамаш кIорггера девзаш волу Iеламстаг хилла ца Iара иза.
Ахьмад-Хьаьжас дерриге а дуьненна дIагайтира декъаделла халкъ цхьаьнатоха, републикехь Iедалан ерриге а органаш меттахIитто, пачхьалкхан аппаратан болх цхьанаэшшара дIабахьарна кхачоян ницкъ кхаьчна волу похIма долу куьйгалхо а, вовшахтохархо а ша хилар. ДIахьош долчу тIеман гIуллакхашка, сацош доцчу кхерамаш тийсар дIадахьаре хьаьжна доцуш, цо бух биллира республика кхидIа а кхиорна, цо зазадаккхарна.
Тахана вай, ондда а, тIаьхьало йоллуш а, догIу АхьмадХьаьжас билгалбинчу новкъа. Нохчийн халкъ ша-шен ца кхоош хилар, цунна къинхьегам безар бахьанехь сийлахь-боккхачу мехкан уггаре а хазачарах бина дIахIоттийна вай вешан мохк. Дерриге а дуьненна гуш Къилбаседа Кавказан жовхIар, туризман а, спортан а дуьненаюкъара туш, инвестицеш юкъаяхка бегIийла Россин субъект хилла дIахIоьттина Нохчийн Республика.
Цхьана меттехь латта дагахь дац вай. Яккхий планаш ю хьалха лаьтташ. Вайн халкъан хиндолчух лаьцна ойла еш вайн бакъо яц дIадахнарг дицдан. Тахана вай дешдерг, шега кхаьчнарг, дозалла дешдерг дерриге а вайн тIаьхьенашна, вайн хиндолчунна кхочур ду.
АллахI-Дала лардойла вай дIадахначун гIалаташ карладовлийтарх! Я АллахI хьекъал лолахь тхуна тIейогIучу ханна иза диц ца далийта! Маьрша дахар хуьлда шун, хьоме махкахой!
№36, хIутосург (май) беттан 8 де, 2020 шо