Хьоме махкахой! Ас даггара декъалдо шу Сийлахь-боккхачу Толаман денца!

Вай тахана хьакъ ма-дду дагалоьцу, лара а лору вайн дай, дедай, дедедай – Сийлахь-боккхачу Даймехкан ТIеман дакъалацархой. Уьш вайн мехкан хилла ца Iаш, дерриге а дуьненан дозалла ду. Вайн дайша коьрта маьIна лелийра Гитлеран Германи хIаллакьярехь – дерриге а дуьненна тIекхозабелла Iаламат боккха кхерам.
Къаьсттина доккха дозалла дарца дагалоьцу нохчийн халкъо Сийлахь-боккхачу Толамна юкъа дашочу элпашца шайн цIераш дIаязйина болу вайн махкахой: Нурадилов Ханпаша, Магомед-Мирзоев Хаважи, Акаев Даша, Висаитов Мовлид, Мазаев Маташ, Дачиев Хансолта…
Вай дозаллица йоху и цIераш. ТIеман аренашкахь цара шаьш гайтира майра тIемалой, бакъболу патриоташ санна. Немцойн-фашистийн гIеранашна тIехь баьккхинчу толамна юкъа хаъал йоккха хазна йилларна Соьлжа-ГIалина «БIаьхаллин сийлаллин гIала» аьлла цIе тиллина. Иза ларъеш хиллачу эскаран дакъоша, тылан къинхьегамхоша, могIарерчу соьлжагIалахоша Iаламат йоккха дуьхьало яр бахьанехь цаьрга дIа ца лацаелира гIала.
Халахеташ делахь а, Толаман хIара де тIеоьцу COVID-19 цамгаран ун даржаран хьелашкахь. Махкахь алссам адамаш вовшахкхетарца доьзна долу муьлхха а тайпа гIуллакхаш дIадахьар дихкина. Амма вайн йиш ю и сийлахь-доккха де вешан цIахь хьакъ ма-дду билгалдаккха, вайн тIемалойн лийр доцу хьуьнарш дага а лоьцуш, къоначу тIаьхьенна вайн историн оцу башхачу агIонех лаьцна дуьйцуш.
Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман хьоме ветеранаш, тылан къинхьегамхой! ЦIеначу даггара баркалла боху ас шуна аш гайтинчу турпалаллина, шун доьзалшкахь токхо лаьттийла, шу дуккха а шерашкахь дехийла лаьа суна! Дезачу денца, ветеранаш!
№36, хIутосург (май) беттан 8 де, 2020 шо