Нохчийн Республикин Парламентан Председатела, республикехь COVID-19 дIасацаяржийтаран Кадечу штабан куьйгалхочо Даудов Мохьмада кхайкхам бина вайн махкахошка. Цуьнан дIахьедар доьзна ду тахана дIаяьхьначу Ерригроссин кадечу штабан (ВКС) кхеташонехь мIаьжигаш лелоран хьокъехь хиллачу сацамах.

«Лараме махкахой, РФ-хь коронавирус дIасацаяржийтаран декъерчу Ерригроссин кадечу штабан таханлерчу кхеташонехь бовзийтина мIаьжигаш лелоран керла лехамаш: гIашлоша лело езаш ю уьш; туькана а, аптеке а доьлхуш хила езаш ю уьш; машена чохь 1-нал сов адам делахь а хила езаш ю уьш; арахь лаьтташ а, воьдуш а 1-нал сов адам делахь а хила езаш ю уьш. Уьш лелор тIедожийна а ду, цалелорна гIуда тухург хилар дIа а хоуьйтуш», – хаийтина Даудов Мохьмада.
Республикехь болх беш мел болчу шуьйрачу хаамийн гIирсашкахула а, ТВ-н хаамашкахула а, социале сеташкарчу агIонашкахула а дIакхачор бу мIаьжигаш лелоран керла лехамаш.
Ла а догIа, хьовса а хьовса, беша а беша официальни болу шуьйрачу хаамийн гIирсаш.
№36, хIутосург (май) беттан 8 де, 2020 шо