Нохчийн Республикин дешаран лаккхарчу учрежденешкахь СПИД лазарх беллачийн денна лерина цхьаьнакхетарш дIадаьхьира.
«Хаа деза» аьллачу кхайкхамца Соьлжа-ГIалин пачхьалкхан мехкадаьттан технически а, Нохчийн пачхьалкхан а университеташкахь а хаамийн чардакхаш хIиттийнера. Университетийн сенеш чохь дIахIиттийна стоьлаш яра. Цхьанна тIехь охьадехкина хаттарийн билеташ дара, ткъа вукху стоьла гуонаха хевшина Iаш, ВИЧ-инфекцина а, наркоманина а профилактика яран белхаш беш болу говзанчаш-консультанташ бара.
Билетана жоп дала луучун таро яра шен хаарш довзийта, нийса жоп деллачунна луш совгIат дара – шоколад. Ткъа ца хууш дерг нисделча, кхин гена ца волуш, говзанчашка хаьттина шена Iамон йиш яра.
Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхийн министран заместитела Амаева Мадинас ма-дийццара, «хаамийн чардакх» аьлла гIуллакх вовшахтохар кхечу министерствошца цхьаьна дIахьош ду.
Оццу министерствон социальни программаш кхочушъяран отделан хьаькама Осмаева Заретас билгалдира хIара акци яр хьалха бинчу балхах къаьсташ хилар. Масала, ВИЧ-инфекцина а, наркоманина а профилактика яр иза масех стага къамел дар дара, ткъа хIинца оцу говзанчашний, наханий юкъахь къамел хуьлу. ЛадоьгIна ца Iаш, кегийрхоша шаьш а дакъалоцуш хилча, царна шайна хезнарг, Iеминарг гуттаренна а дагахь дуьсур ду.
Университеташка баханчу консультанташна юкъахь бара наркоманина профилактика ярца бевзаш болу говзанчаш Гайраханов Мовла, Яричев Iабдулла. Ткъа ВИЧ-инфекцина профилактика яран консультанташ бара Нохчийн Республикин могашаллаIалашъяран министерствон СПИД-на профилактика яран а, цуьнца къийсам латторан а туьшан эксперташ Абдулкадырова Залина, Умаева Тамара.
Иштта оцу тайпана гIуллакхаш университеташкахь дина ца Iаш, кегийрхой болчу массо а меттехь вовшахтоха дагахь бу Кегийрхойн гIуллакхийн министерствон а, СПИД туьшан а белхахой.
З.ЦЕНТОРОЕВА
еара, май беттан 28-гIа де, 2015 шо, № 58