Коронавирусца къийсам латторехула йолчу оперативни штабан кхеташо дIхьочу хенахь Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана куьг яздира доза тохаран гIуллакхаш совцоран а, ша-шен ларваларан раж дIаяккхаран а хьокъехь долчу Указана буха.

Кхеташонехь иштта дакъалецира РФ-н Пачхьалкхан думин депутата Делимханов Адама а, Нохчийн Республикин Парламентан председатела Даудов Мохьмада а, регионан Правительствон председатела Хучиев Муслима а,могашаллаIалашъяран министра Сулейманов Эльхана а, кхечу официальни белхахоша а.
Республикехь долчу санэпидемиологин хьолах лаьцна доклад йира Даудов Мохьмада.
Цо чIагIдарехь, кхолламан (январь) беттан 29-чу дийнахь дуьйна регионехь коронавирусан инфекци гучуяьккхина 891 меттиг ю, исс стаг кхелхина. Товаларца доьзна дарбалелоран учрежденешкара араваьлла 502 стаг. Чекхдаьллачу дийнахь-бусий гучуяьккхина керла 26 меттиг. Роспотребнадзоран магорашца медикийн тергамна кIел лаьтташ ву 4 109 стаг. Карантинехь а, шаьш-шайн ларбеш а – 15 837 стаг. Уьш Россин кхечу регионашкара баьхкинарш а, церан доьзалш а бу.
Нохчийчохь экономикин декъехь долчу хьолах лаьцна дийцира Хучиев Муслима.
Цо тидам тIебахийтира Россин Президентан тIедахкарш кхочуш а деш, 3 шо кхачаза долчу а (уьш республикехь 119471 бер ду), 3-нна тIера 16 шо кхаччалц долчу берашна а (дерриге а 400 эзар сов) ахча дала билгалдина хиларна.
Иштта, кхеташонехь хаийтира Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу регионан Юкъараллин фондо COVID–19 цамгар кхеттачарна лерина тайп-тайпана препараташ эцна хиларх лаьцна. Марха дастарна тIекхочуш, Фондо, иштта, 250 миллион сом ахча къастор ду гIийла бохкучу доьзалшна лерина.
Дийнна схьаэцча шаьш-шайн ларбар а, пропускийн раж а дIайоккхуш цахиларан хьокъехь дIахьедира кхеташонехь Кадыров Рамзана. ГIуллакх дан бакъо елла хьаштийн рынкан кIеззигчу декъана.
«ТIейогIучу хенахь, долуш долчу хьоле хьаьжжина, гIуллакхаш дарна бакъонаш шорйийр ю. Амма, цкъачунна, раж юьззина дIаяккхарх лаьцна дийца хьалхе ду. Цундела массаьрга а кхойкху со шайн-шайн хIусамашкахь хан яккхаре», – билгалдаьккхира Р.Кадыровс.
№39, хIутосург (май) беттан 19 де, 2020 шо