Пандемица доьзна, пачхьалкхера кхин а тIе гIо хир ду 27 миллион берана – школе даха хан йолчарна тIекхаччалц.

Берана Iуналла дарна луш долчу пособин уггаре а лахара барам а шозза совбоккхур бу.
Иштта, асаран (июнь) беттан 1-чу дийнахь дуьйна 3 шарера 15 шаре кхаччалц хенаш йолчу берашна цкъа дIалур ду 10 эзар сом а.
Цул сов, мел болчу доьзалийн аьтто хир бу 3 шо кхачаза долчу хIора а берана оханан (апрель) баттахь дуьйна, асаран (июнь) батте кхаччалц, хIора а баттахь пхиппа эзар сом эца.
Кхин а, цхьана ханна балхара боьхна дай-наной болчу доьзалшкарчу кхиъна далаза долчу хIора а берана, хIора а баттахь, кхоккха эзар сом лур ду. И ахча а кхаа баттахь хир ду.
Лакхахь мел довзийтина гӀо (ахча) берашна кхачийтарна оьшуш долу кехаташ online а чудала аьтто бу – Госуслуги портала тӀехь.
№39, хIутосург (май) беттан 19 де, 2020 шо