ХIокху деношкахь С.В.Михалковн цIарахчу республикин берийн библиотекехь дIадаьхьира «Поэзин ноташ» студин рогIера цхьаьнакхетар. Иза лерина дара поэтессин Берггольц Ольгин 105 шо кхачарна. Цигахь дакъалецира библиотекин ешархоша, Соьлжа-ГIалин №№20,48 йолчу школийн, №1 йолчу гимназин дешархоша. Цхьаьнакхетар дIахьош яра библиотекарь Тазуркаева Таиса. Цо дийцира берашна Берггольц Ольгин кхоллараллах лаьцна. «Поэзин ноташ» студин декъашхоша поэтессин байташ йийшира. Цул т1аьхьа уггаре а дика байташ ешнарш билгалбехира. Хьалхара меттиг яьккхира №1 йолчу гимназин 6-чу классан дешархочо Паршоев Iаьрбис, шолгIа меттиг – №48 йолчу школин 8-чу классан дешархочо Иландаева Лианас, кхоалг1а меттиг – №1 йолчу гимназин 6-чу классан дешархочо Ибрагимова Джамиляс. Толамхошна Сийлаллин грамоташ а, совгIаташ а луш дирзира цхьаьнакхетар.
З.ЛОРСАНОВА
еара, май беттан 28-гIа де, 2015 шо, № 58
