Карарчу Мархийн беттан 27-чу дийнахь 250 млн. сом дӀасадоькъур ду Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Юкъараллин фондо.
Хала бохкучу а, мискачу а доьзалшна кхочур долуш ду оцу ахчанан сагӀин дакъа.
Нохчийчохь коронавирусан ун дӀасацадаржийтаран декъерчу Кадечу штабо тахана дӀаяьхьначу кхеташонехь иштта хаам бина Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана.
№39, хIутосург (май) беттан 19 де, 2020 шо