Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана а дакъалаьцна Республикин юкъараллин-политикин «Даймохк» газето дIакхайкхийначу литературин #БекалахьНохчийнМотт флешмобехь.

«Хьомсара махкахой! Мотт бацахь – къам дац. Вайн хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо IабдулХьамидан кIанта Ахьмад-Хьаьжас дукха къахьегна вайн нохчийн мотт кхиорехь, юхаденбарехь. Тахана, вайна тIееъна чолхе хан нохчийн маттана пайдехьа ерзоран Iалашонца, вайн республикин нохчийн маттахь долчу «Даймохк» газето дIакхайкхийна «БЕКАЛАХЬ, НОХЧИЙН МОТТ» флешмоб. Оцу флешмобехь дакъалоцуш, вайн къоман сийлахьчу яздархочо, классика Мамакаев Мохьмада язйинчу «Даймехкан косташ» байтан юккъера могIанаш доьшур ду ас шуна!», – яздина Кадыров Рамзана ВКонтакте чуьрчу шен агIонехь.
Республикин Куьйгалхочо дакъалацаро кхин а шуьйра йовзийтинчу оцу флешмобехь дакъалоцучеран терахь масех бIенал а тIехдаьлла, хIора а сахьтехь бохург санна, кхидIа тIекхеташ догIуш а ду.
Дагадоуьйту, оцу флешмобехь дакъалоцучара, цуьнан лехамашца а догIуш, шаьш йохуш йолу видеокийсакаш лерринчу #БекалахьНохчийнМотт хештегаца билгал а йохуш, йовзуьйту.
Цул сов, довзуьйту шаьш а, шаьш юьйцучу байтийн цIе а, автор а.
№41, хIутосург (май) беттан 29 де, 2020 шо