«С» классан рогIера 10 реанимобиль эцна Кадыровн цIарахчу фондо

Республикерчу медицинин учрежденешна рогӀера машенаш эцна Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Юкъараллин фондо – «С» классан 10 реанимобиль. ВКонтакте чуьрчу шен агӀонехь цунах лаьцна хаийтина Кадыров Рамзана.

Керла машенаш, кхеташ ма-хиллара, медицинин транспортан кхузаманахьлерчу лехамашца йогӀуш ю: царна чохь дархо дӀасавигарал сов, хьашт хилахь, ИВЛ тӀетаса аьтто а бу.

Нохчийчоьнан медицинин секторна иштта деза совгӀат дарна доккха баркалла аьлла республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Юкъараллин фондан президентана Несин Айманина.

№41, хIутосург (май) беттан 29 де, 2020 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: