Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана асаран (июнь) беттан 1-чу дийнахь дIаяьхьначу кхеташонехь нохчийн меттан хазаллах, нохчийн литературин классикех, харцонийн мохь ловш, нохчаллах, доьналлах ца бовлуш, къоман сий айдеш баьхначу, бакъдуьнена дIабаханчу поэтех аьлла довха дешнаш хазарх доккха хазахетар хилла, АллахIан пурбанца, хIокху маьлхан дуьнен чу нохчийн къомах хила рицкъ хиллачу хIоранна а.

Гадаев Мохьмад-Салахьан дахарера масал далош (вайн къам махках даьккхинчу хенахь ялта чохь долчу складана ха деш хиллачу Мохьмад-Салахьа мацаллин бала хьоьгучу нахана дIаделла хиллера оцу чохь мел долу ялта. И бахьана долуш, набахтехь хан такха дезна цуьнан), Кадыров Рамзана йийцира М-С.Гадаевн «Дарта» а, Ш.Арсанукаевн «Ненан мотт» а байташ.
Иштта, цо билгалдаьккхира «Даймохк» газет хIора нохчийн доьзалехь хила дезаш хилар а, дас-нанас шайн доьзалшкахь нохчийн мотт буьйцуш хила безаш хилар а.
«Массо а «Даймохк» газете язвала везаш а ву, иза хIораннан чохь хила дезаш а ду, берашка дешийта дезаш а ду», – билгалдаьккхира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана.
«Даймохк» газетан 97 шеран оьмарехь и санна ирсе де, суьйре хилла яц, вайн халкъана Казахстанера шен махка цIадерза бакъо еллачу дийнахь хилларг яцахь.
Бусалба умматан дика ваша Рамзан, ахь хьайн масалца, леларца кхин цкъа а гайти хьо нохчийн халкъаца хилар а, нохчийн мотт айхьа лоруш хилар а.
Нохчичо иза муха, мел лара беза а гайти. Дозаллах дегнаш дуьзна «Даймохк» газетан белхахойн. Вайна юкъахь лаьтташ АллахI а ву, вешан Даймахке, ненан матте болу безам а бу.
Тхо тешна ду, тхаьш декъалдеш, хIара хазахетар дуьненан муьлххачу маьIIехь волчу нохчичо вайца доькъуш хиларх. Ма баккхийбийр бара вайн набахтешкахь хало, мацалла, сийсазалла ловш, нохчийн къоман цIе, юьхь ларъеш дIабахна вайн Къонахий-яздархой, журналисташ, Iилманчаш, дика кIентий, йоIарий. Далла бу хастам уьш вайн хилла хиларна!
Нохчийн мотт кхиорехь, хьехархой кечбарехь доккха дукъ тIеэцна, вайн республикехь нохчийн маттаца шовкъ-марзо йолу Iилманчаш, яздархой, журналисташ, хьехархой тIегулбина школашкахь нохчийн мотт Iаморехь оьшуш болу гIирсаш гIо-Iаматаш, Iаматаш вовшахтухуш, зорбане йохуьйтуш, къахьоьгуш ю Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерство, Нохчийн мотт а, истори а кхиоран институт а.
Шайн дахаран марзо, безам ненан маттаца боьзна къахьоьгуш болчу массарна а, иштта, тхуна санна хаза кхаъ хилла хир бу аьлла, тешна ду тхо.
Нохчийн мотт вайн дайша вайна битина бахам бу, вайн нанойх вайна юьсуш йолу марзо ю. АллахI, Элча, Устаз, Да-Нана, халкъ реза динчу лайх хуьлда хьо!
Ма атта, аьхна ду тхан белхан денош, Рамзан, ахь вайн газетан иштта лаккхара мах хадорна. Дика а, дукха а вехийла хьо!
№42, асаран (июнь) беттан 2 де, 2020 шо