Интернетан нохчийн сегмента чохь, республикехь, нахана чу чипаш хIитторан Iалашонца 5G бIаьвнаш ю хIиттош бохуш, даржочу эладитанийн хьокъехь вистхилла Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан. Шен къамелехь цо билгалдаьккхина «Интернета чохь, оцу темах лаьцна, тайптайпана хаамаш хилар – гуттар а харц а, питане а болу хаамаш».

– ТIехь машенаш а йолуш видео ю дIасакхуьйсуш. Автора дуьйцу и машенаш 5G бIаьвнаш хIиттош ю, бохуш. Цхьа а бух болуш хIума ма дац иза. Геолого-талламийн белхаш дIахьош йолу машенаш ю уьш. Цаьрца вай болх бен дукха хан ю. Суна халахеташ ду и машенаш республикехь 5G бIаьвнаш хIиттош ерш цахилар. Махкахошка дехар дара сан – ма тешахьара шу эладитанех – цхьа а вац 5G бIаьвнашца нохчашна зен деш а, нохчий хIаллакбеш а. Ас юха а дIабоху – республикехь цхьа а 5G бIов а яц, я уьш, видеокийсакан автора мадийццара, зене а яц, – хаийтина Кадыров Рамзана.
Цул сов, республикин Куьйгалхочо йовзийтина шен белхан коьрта Iалашо а – нохчийн халкъан дахар а, кхерамазалла а Iалашъяр.
Иштта, цо дийцарехь, «массанхьа а 4G йоцуш вай Iашшехь», 5G сетах жигара пайдаоьцуш ю 34 пачхьалкх, иза зене хилар цхьанхьа а билгалдаьккхина а доцуш.
– Хьалха вай 3G тIера 4G тIе дехьадовла дуьйладелча а, изза эладитанаш дара даржош – адмашна цунах вуониг (рак) гучуйолий, иза дуй, кхин дуй бохуш. Иштта дийцича-м, дуьненахь мел болу мобилан гIирс а бу зене. Делахь а, цхьаболчара мадийццара зен ма ца хуьлу цунах, – дийцина республикин Куьйгалхочо.
Чаккхенехь Кадыров Рамзана хаийтина, ша, хаза а хеташ, йиш хилча, 5G бIаьвнаш республика ма-ййу хIиттайойтург хилар.
– 5G тIе 34 пачхьалкх дехьаяьлла, Чина 6G-х пайдаоьцуш ю, ткъа вай долчохь 4G а яц массанхьа а, – дерзийна шен къамел республикин Куьйгалхочо.
№43, асаран (июнь) беттан 5 де, 2020 шо