Тайп-тайпанчу даймехкан а, дозанал арахьарчу а шуьйрачу хаамийн гIирсаша санна, могIарерчу гражданаша а шайн коьртачу тидамехь латтаво Нохчийн Республикин Куьйгалхо, Россин Турпалхо Кадыров Рамзан, дуккха а агIонаш йолу цуьнан пачхьалкхан гIуллакхаш, цуьнан куьйгаллица баьхна инзарваллал баккхий кхиамаш.

Ишттачу кхиамечу адамашца иза хуьлуш а махиллара, тайп-тайпанчу керлачу хаамийн, хабарийн бух хуьлий дIа а хIуьтту и адамаш. Церан дахарехь уггаре а кIезигчу маьIне хеташ долу цара аьлла дешнаш я тилкхазваьлла интервьюхь аьлларг, дукха чIогIа лерина толлу оцу гIирсаша. Церан кочатуьйсу хилаза болу хиламаш, ца дина гIуллакхаш, аьлла доцу дешнаш.
Иштта, дукха хан йоцуш юкъараллин а, политикин а дахарна масех денна юкъахваьлла хилла регионан Куьйгалхо сихха «дIахьажийра» Москварчу ЦКБ-н маьнги тIе, COVID-19 кхетта хиларан шеко а кхуллуш.
Шуьйрачу хаамийн гIирсийн векалшна Нохчийн Республикин Куьйгалхочун пресс-секретара Вахидов Iилмана ма-дарра гучудехира и эладитанаш. Иштта йовзийтира Кадыров Рамзанан белхан а, дахаран а цхьайолу агIонаш.
Кадыровн феномен: «Кадыров Рамзан волчохь – даима а кхиам»
– Вайна массарна а гуш ду ша Iедална коьрте хIоьттинчу хьалхарчу деношкахь дуьйна хIокху дерриге а шерашахь Кадыров Рамзан республикехь санна, цуьнан дозанел генна арахьа шуьйра вевзаш а, шен боккха сий-ларам болуш а хилар. Муха кхето мегар ду и тайпа хилам?
– Кадыров Рамзан, юьхьанца хьаьжча, дан ницкъ кхочур бац аьлла хеташ долу декхарш дагахь доццучу кепара кхочушдан хьуьнаре волу шатайпана башха стаг ву. Массарна а дика хаьа Рамзан волчохь даима а кхиам хир буйла. Иза ша практико чIагIдина. Иза гIараваьлла вовзар, Iаламат боккха сий-ларам хилар цунна юххехь даима а Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас билгалбинчу новкъа йогIуш йолу тешамечу накъостийн, лаккхарчу корматаллин говзанчийн, патриотийн команда хиларца доьзна лара а догIу. Оцу дерригено кхетабо Кадыров Рамзанан башха кхиам. Схьаэца шайна массарна а дика девзаш долу могIарера цхьа масал: Нохчийн Республикехь уггаре а чолхе проекташ, тIеэцна сацамаш, дина тIедахкарш кхочушдарна Iаламат кIезиг хан къастайо. Дагалаьцнарг кхочушдарна геннара тIейогIучу ханна тIаьхьа ца тоьтту. Нохчийн халкъана пайдехь хинболу берриге сацамаш ойла ярца тIеоьцу, ма-дарра аьлча, уггаре йоццачу хенахь кхочуш а бо. Кхечу цхьана а регионехь хаалуш дац декхарш оцу кепара санехь кхочушдар. Иза Iаламат мехала, дуьххьалдIа Рамзанехь бен йоцу амал ю. Ас далийнарг цхьа масал бен дацара, ткъа иштта масалш чIогIа дукха ду. Иза сацам боллуш дуьхьал ву харцонна, ямартлонна, шена тIедехкинчу декхаршка жоьпалла доцуш хьежарна, луьра жоп доьху хьаькамашкара, нагахь цара бахархойн хьашташ хьакъ доллучу тIегIанехь кхочуш ца динехь. Ишттачу меттигашкахь хьесапе оьцур дац мел даккхий хьуьнарш цо гайтинера бохург, таIзарх волуьйтур вац иза. Доцца аьлча, дукха хан ю дашна доцуш, ткъа гIуллакха тIехь нийсо уггаре а коьрта ша лоруш хилар Кадыров Рамзана гайтина. Адамашна иза го, регионийн а, мехкийн а куьйгалхойн ишттачу дикаллийн лаккхара мах а хадабо.
– Кхиамаш, ма-барра, гуш боллушехь, хIинца а долуш ду Кадыров Рамзан вочу агIор гайта, регионан бахархошца йолчу юкъаметтигашкахь эшам барна, церан бакъонаш талхорна иза бехкеван гIерташ долу адамаш. Муха хьоьжу регионан Куьйгалхо оцу кепара бехкаш дахаре, ахь муха кхетор дара иштта хьал?
– Кадыров Рамзан санна волу иштта баккхийчу барамийн политикина тIехь хаддаза тидам латтабо прессо. Шайна юкъахь либеральни лоруш берш а боцуш, ткъа Россин шуьйрачу хаамийн дукхахболчу гIирсаша мадарра дуьйцу тIемаша бохийна вайн мохк меттахIоттийна, уггаре а кхиамечу регионех цхьаъ йина иза дIахIоттийначу Кадыров Рамзанан башхачу кхиамех. Данне а кхечу кепара гIуллакх ду малхбалерчу шуьйрачу хаамийн гIирсашца дерг. Хаамийн хаддазчу тIемийн заманахь дехаш ду вай, церан гIоьнца вайна кIел ког таса гIерта Малхбале. Цу тIехь цо пайдаоьцу, дукха хан йоцуш, къизачу тIамах чекхъяьллачу Нохчийн Республикех. Дукха хенахь дуьйна сатуьйсу вайн мостагIаша республикехь долу хьал дохо, шайна хьалха билггал Iалашонаш а хIиттайо – халкъ а, цуьнан Куьйгалхо а вовшашца эгIо, Россехь питанийн гIоьнца чолхе хьал кхолла. Амма и планаш кхочушхир яц. Халкъана веза шен Куьйгалхо Кадыров Рамзан, боккха ларам бу цуьнга. Республикехь долуш долу хьал, къастийна цхьалхадаха дезаш долу гIуллакхаш, уьш кхочушдаран некъаш Р.Кадыровс шен-шен хенахь дийцаре до бахархошца, цаьрца дуьххьалдIа цхьаьнакхетарш дIа а хьош, ткъа иштта телевиденехь, социальни сеташкахь. Цуьнга тайп-тайпана дехарш деш долу эзарнаш адамаш дуьххьалдIа республикера хилла ца Iа, дукха ду уьш Россин кхечу регионашкара а, дозанал арахьара а. Билггал гIо оьшуш верг цхьа а ца вуьсу республикин Куьйгалхочун жоп доцуш. Ткъа шуьйрачу хаамийн гIирсаша лелош йолу ямартлонаш, даррехь харц материалаш Кадыров Рамзана башха тергал а ца йо, хIунда аьлча, цунна хаьа цара кхочушъеш ерг цхьаннан заказ юйла.
«Кадыров Рамзан сацам боллуш дуьхьал ву эладитанашна, тIедахкаршца жоьпалла доцуш юкъаметтигаш хиларна, луьра таIзар до хьаькамашна, нагахь бахархойн хьашташ хьакъ ма-дду кхочушдина цахилар шена гуш делахь»
– Элирий-бохурий бохучу эладитанех лаьцна… Кху шеран оханан (апрель) бутт болалуш, Нохчийн Республикин Куьйгалхочо шен корта дIабешира. Цунах лаьцна видео социальни сеташка йиллира «Эстафета доттагIашка а, вежаршка а дIало ас» аьлла, дешнаш а далош. Эстафета тIеийцира регионан министерствийн, ведомствийн берриге а белхахоша. Республикин Куьйгалхочо цхьаъ дича уьш дуьйлалуш ма-хиллара, даржа дуьйладелира тайп-тайпана мотт-эладитанаш. Царах дара Кадыров Рамзана берриге а нохчашка кортош дIадашийтина, дуьхьало йинарг балхара дIавоккхур ву аьлла, кхерамаш а туьйсуш, бохург а. Мел бакъ дара иза?
– Кадыров Рамзан чIогIа жигара стаг ву. Иза кест-кеста юкъавуьйлу тайп-тайпанчу акцешца. Кху шеран оханан (апрель) баттахь Instagram чохь цо дIайолийра «ЦIена корта! Коронавирусна стоп!» аьлла флешмоб, шен доттагIашка, блогершка, тидаме эцалаш, нохчашка бина а ца Iаш, кхайкхам бира шех масал эцаре. Иттаннаш эзарнаш адамаша къобалйира флешмоб. Кхайкхаман гIолецира Нохчийн Республикехь а, цуьнан дозанел арахьа а. Цо цхьаьнгга а нуьцкъашха корта дIа ца башийтира, иза ма-дарра гуш дара. Дицдан ца деза кIорггера Делах тешаш стаг хиларе терра, шен корта бошуш хиллачу Муххьамад пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) суннат Кадыров Рамзана кхочушдеш хилла хилар. Цул сов, нохчашна юкъахь церан ламастех цхьаъ хилла дуьсуш ду корта башар цамгарех, бозбуанчаллех паргIатвалар лоруш хилла хилар а. Ишттачу хьолехь а девзаш доцчу хьостанаша хаамаш баржабора Нохчийн Республикехь корта баша дуьхьало йинарг балхара дIавоккху бохург. Кхеташ ду ишттаниг деша а беламе хилар. И санна дерг дагадеана адамаш, суна хетарехь, могаш дац, хьокъала доллу дарба лело дезаш а ду. Кхеташ ду, цхьаммо а цхьа а балхара дIаваьккхина цахилар – я кортош даьшнарш а, я кортош тIехь месаш дитинарш а.
«Кадыров Рамзанан могашаллах лаьцна долчу хабарша шайн Iаламат чIогIа синтем байъина хилар гойтура бахархоша, Деле доьхура цунна могашалла ялар»
– Нохчийн Республикин Куьйгалхо цомгаш хиларан хьокъехь эладитанаш даржо долийча, бахархоша жигара гайтира цара шайн синтем байъина хилар, Деле доьхура цунна могашалла ялар. Кадыров Рамзана ша муха тIеийцира халкъан агIорхьара сел йовха юкъаметтиг?
– Кадыров Рамзана даима а хазахетарца, баркаллин ойланца тIеоьцу шен гIайгIабар. БIеннаш эзарнаш адамаша шена диканиг, могашалла хуьлийла дIахаийтаро гойту халкъан цуьнца йолу юкъаметтигаш. Коронавирусца тIетаьIIина къийсам латточу къаьсттина хIокху карарчу хенахь. Шен рогIехь Рамзана шен ламазашна тIехь Деле доьху адамаш цамгарех лардар, маьрша дахар, токхо, могашалла. Цуьнан могашалла дика цахиларан хьокъехь баржош хилла хаамаш харц хиллехь а, цо даггара баркалла боху шех лаьцна сагатдинчу массарна а.
– ДоггIучуьра, муха тIеийцира Рамзана шена Москвахь ЦКБ-хь дарбалелорца доьзна даьржина эладитанаш?
– ЛартIехь волчу могашчу стага санна забар ю аьлла а хетарца, цец а валарца. Шуьйрачу хаамийн цхьаболчу гIирсаша «шайн талламашкахь» сихха гучудаьккхира цунна хIун цамгар кхетта, муьлхачу хьелашкахь, хьанах тIедаьлла, мичхьа «дарба лелийна», муьлхачу таблеткех пайдаийцира.
«Динчу хаттарийн буха тIехь 100-ннах 98 процент болчара (100 эзар стагал сов) дуьззина къобалдо короновирусца къийсам латторехь республикехь деш долу гIуллакхаш»
– Коронавирусан керлачу вирусца къийсам латтош республикин куьйгалло дIалаьцначу онддачу позицис а, цо динчу гIуллакхаша а цкъацкъа критика йойтура вайга цабезам болчаьрга. Ша Рамзана муха мах хадабо республикехь деш долчу гIуллакхийн?
– Республикин куьйгалло деш долу гIуллакхаш мехала хиларан хьокъехь бекарг (март) бутт чекхболуш «Грозный» НПТРК-н сайта тIехь дIадолийна хаттарш дар. Онлайн рожехь муьлххачун а дакъалаца йиш ю цигахь. Кхин цкъа а билгалдоккхур ду ас, иза дан лууш волчун бакъдерш нийса хилар талла йиш ю онлайн рожехь. Цхьана а кепара доза деттарш дац, тексташ нис ца йо. Цамгарца латточу къийсамехь Кадыров Рамзана деш долчу гIуллакхех лаьцна бахархошна хетарг муха ду ма-дарра сурт хIоттош хуур ду сайт схьайилличхьана. Цуьнца доьзна, дIахьош долчу хаттаршца нийса а догIуш, хаттарш дарехь дакъалаьцначарах (100 эзар сов стаг) 98 процент болчара дуьззина къобалдо республикехь коронавирусца латточу къийсамехь регионехь деш долу гIуллакхаш. Оцу терахьаша гойту республико хьал шен талламна массарачул хьалха хIоттийна а, пандемина дуьхьал дIахьош болчу къийсамехь уггаре а тоьллачу гайтамашка кхочуш а хилар. Республикин Куьйгалхочо даима а билгалдоккху кхолладеллачу хьолехь хьалхарчу меттехь адамийн могашалла а, дахар а хилар.
– Иза оьшучарна Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу регионан Юкъараллин фондо тIаьхьарчу хенахь деш долчу гIоьнан барамаша чIогIа цецвоккху. Шашаха кхеташ ду, вайна диканиг хуьлийла лууш боцчарна сагIа даларан декъехь а карадо реза ца хила хIума. Ша аьлча, цуьнан ахчанах хьакхалуш долчунна тIехь «Фондана мичара даьлла оццул ахча?» – хоьтту цара. Шен гIоьнчица, «Грозный» НПТРК-н директорца Дудаев Ахьмадца эфирехь волчу хенахь, Кадыров Рамзана доцца дийцира иштта яккхий акцеш кхочушъян РОФ-н ницкъ муха кхочу. И хаам мелла а шорбан аьтто хир барий хьан?
– Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу Юкъараллин фондан шен долахь ю бизнес лелош, экономикин тайп-тайпанчу дакъошкахь гIуллакх деш йолу тайп-тайпана предприятеш. Царна хилла ерриге а са адамашна гIо дарна дIайоьду. ГIолоцу кхиамца гIуллакх деш болчу бизнесменаша а, Рамзанан, нохчийн дерриге а халкъан доттагIаша. Ткъа резабоцурш даима а хилла, халахеташ делахь а, хир а бу. Вайн Куьйгалхочо дукхазза а кхетош дийцина фондаца долу хьал, амма цхьаъ ца дийцича, эладитанаш ца лелийча Iалуш доцу адамаш цуьнца резахила, кхета ца туьгу. Ишттаниш кхеталур болуш а бац.
«Адамийн ерриге а исторехь пIелгаш тIехь дагардан йиш ю Кадыров Рамзанан барамашка кхочушдолу адамаш»
– Республикерчу шуьйрачу хаамийн гIирсаша буьззинчу барамехь довзуьйту бахархошна Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан белхан гIуллакхаш. Амма цуьнан официальни декхаршца доьзна доцуш, балхах хьакхалуш доцчу хьаштех, цо деш долчу гIуллакхех хууш башха дукха хIума дац. ПаргIатчу хенахь стенна тIехь тидам лаьтта вайн республикин Куьйгалхочун?
– Балхахь воцчу хенахь шена дезарг, шен хьашташ цкъа а лечкъийна дац Рамзана. Цунах дерг ма-дарра хаа йиш ю цуьнан социальни сеташкара. Шен агIонаш тIехь белхан меттигашна тидам тIебахийтина ца Iаш, кест-кеста цо тидам тIебохуьйту шен дахаран цхьайолчу меттигашна а. Дукха хан йоцуш цо гайтира шен хасбешахь кхиийна башха цIазамаш. Боккха тидам тIебохуьйту цо хасстоьмаш, бошмаш кхиорна. Вайна хууш ду Рамзанна говраш езаш хилар, говраш хахкар вовшахтуху, ипподромашкахь хуьлу. Деза чIерийлецар, еххачу хенахь лаьмнашкахь хан яккхар. Социальни сеташкахь цо кест-кеста дуьйцу шен тренировкех лаьцна, кегийрхошка кхойкху дахаран могаш кепаш тIеэцаре. Спортан дерриге а тайпанашна юкъахь Рамзана къастайо бокс. Футболах ловзу. Ма-дарра аьлча, цуьнан дерриге а дахар массарна а гуш ду. Башхачу похIмин говза куьйгалхо, санехь, уггаре а коьртаниг, Iаламат чолхе декхарш сихха кхочушдан, уггаре а чолхечу хьелашкахь нийса некъ каро, уратталла, уггаре а кIезиг маьIна долуш болу, адамийн кхолламех цхьана агIор хьакхалуш болу берриге а хиламаш бовза, церан дахарехь уггаре а жигара дакъалаца хьуьнаре долу Кадыров Рамзанан барамашкарчу адамашна юкъахь бIе шарахь цхьаъ бен веш вац. Вайн Iаламат боккха аьтто хилла Нохчийн Республикин хьалхара Президент Кадыров Ахьмад-Хьаьжа а, цуьнан гIуллакхашна тешаме хилла лаьтташ волу цуьнан кIант Рамзан а, АллахIан лаамца, вайн республикина коьрте хIоттина.
– Баркалла хьуна, Iилман, динчу хаттаршна кхеташ жоьпаш даларна!
Интервью зорбане кечйинарг – Д.ХАНУКАЕВА
№43, асаран (июнь) беттан 5 де, 2020 шо