Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан а, Абу-Дабин тӀаьхьалонан элин Мухьаммад бин Зайедан а телефонехула хиллачу къамелан гурашкахь барт хилла Эмираташкара медицинин гӀо ГӀалгӀайчоьнна а, Къилбаседа ХӀирийчоьнна а, ГӀебартойн-Балкхаройчоьнна а, Кхарачойн-Чергазийчоьнна а дан.

Оцу республикашна лерина медицинин гӀо тӀехь долу кеманаш Соьлжа-ГӀаларчу аэропорте лелар ду. Кхузара иза, нохчийн куьйгалло Ӏуналла а деш, дӀакхачор ду лакхахь билгалъяьхначу республикашна.
Хьалха, Кадыров Рамзана алар бахьана долуш, иштта гӀо Дагестанна а динера Ӏаьрбийн Цхьаьнатоьхначу Эмираташа.
№44, асаран (июнь) беттан 9 де, 2020 шо