ТАСС-н хаамийн агентствон а, «Грозный» НПТРК-н директоран Дудаев Ахьмадан а барт хилла Нохчийн Республикехь тIемаш болчу хенахь даьхначу суьртийн архив вайн республикина схьаяларан хьокъехь. Цунах лаьцна Telegram чуьрчу шен агIонехь хаам бина Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

Цо билгалдаьккхина ТАСС-о республикица дуккха а шерашкахь зIе латтийна хилар.
«Агентствон корреспонденташа, даима а бакъдерг дуьйцуш, довзуьйтура вайн республикин дахар, цу юкъахь вайн историн сингаттаме агIонаш а йолуш. Хьалха дуьйна вайн хилла долу доттагIалла тидаме а эцна, Нохчийн Республикина совгIат дан сацам хилла хаамийн агентствон. «Грозный» НПТРК-н директорца Дудаев Ахьмадца барт барца, цара вайна елла тIеман хенахь даьхна суьрташ юкъахь долу архив. Царах хIора а сурт башха ду вайна. Оцу ирчачу, халачу хенах долу бакъдерг ду царна тIехь», – яздина Кадыров Рамзана.
Куьйгалхочо дийцарехь, нохчийн халкъан истори йовзийтарехь маьIне хилам бу иза.
Республикин Куьйгалхочо и совгIат дарна баркалла элира ТАСС-н коьртачу директорна Михайлов Сергейна а, цуьнан хьехамчина Кипкеев Борисна а, ТАСС-н Нохчийн Республикехь болх беш йолчу тобанна а, иштта и болх барна баркалла элира «Грозный» НПТРК-н директорна Дудаев Ахьмадна а.
№44, асаран (июнь) беттан 9 де, 2020 шо