СтелаIад – 4

Берашна хаза кхаъ хир бу рогIера «СтелаIад» журналан номер араяларх.

Журналан шолгIачу агIон тIехь «СтелаIодо» декъалдо бераш Нохчийн меттан денца. Цуьнца цхьаьна церан аьтто бу вайн бевзаш болчу поэтийн – Мамакаев Мохьмадан, Кибиев Мусбекан, Сулейманов Ахьмадан, Арсанукаев Шайхин, Абдулаев Лечин – нохчийн меттан исбаьхьаллах лаьцна стихаш еша.

Берашна дешнаш дожаршкахь нийса легорна гIо дийр ду Цуцаев Iалавдин «Хьехархочун хьехамаш» цIе йолчу стихотворенино. Масала, «Меттиг лохуш хатта: Хьаьнга? Стенга? Жоп карор ду: тойне я када. Цу дожарехь илли аьлла «Даге» Мамакаев Iарбис, Мохьмада…»

Дешархоша хазахетарца доьшур долуш ду нохчийн халкъан туьйра «Мискачу стеган кIант» а, нохчийн шира дийцар «Ламанан леча» а. Тидамза дуьсур дац Исмаилов Абун «Жималлера шира аьзнаш» дийцар а. Иза Дуьрдин Хьатун бераллехь хиллачу, хIинца хуьлуш болчу хийцамийн дустарш далош ду.

«Бераша олу» рубрикехь далийна «Йоьжна яьIна» а, «Дай-наний даладе» а самукъане жима ши дийцар.

Аслаханов Сайд-Iалин «Кхокхех» ловзаро кхиор ду берийнхьуьнаре хилар а, тIах-аьлла хилар а.

«Вайна гуонахара Iалам» рубрикехь Боцуев ЯрIелин «Нитт» статьяхь ниттех болучу пайданех хаа таро ю. Масала, «Керла чIара шина дийнахь а ца телхаш Iа нитташна юкъабиллича…Нитташца дарба а ду, нитташ биттича энаш дIадовлу…».

Нагахь санна журнал доьшучу хенахь бераш ца кхеташ дешнаш хиллехь, церан маьIна достур ду «СтелаIодан дошам» рубрико. Кицанаш а, хIетал-металш а, даима санна а, долуш ду журналехь.

Журналан тIаьххьарчу агIон тIехь долу сурт шайн ойланехь ма-кхоллара басаршца кечдан таро ю берийн.

Мужалта тIехь нотийн хьаьркашца ялийна Махмаев Жамалдин дешнаш тIехь Муцаева Седас яьккхина йиш.

Исраилов Хож-Баудис а, Эльдаров Тамерлана а дехкинчу суьрташа кхин а хазйо журналан агIонаш.

ИБРАГИМОВА Лиза

Авторан сурт

 еара, май беттан 28-гIа де, 2015 шо, № 58

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: