Нохчийн Республико дозанца долу гIуллакх чекхдаккхар кховдийна Дагестане

Дагестанца долу доза координаташца билгалдаккхаран болх чекхбаккха лаам а, Ӏалашо а йолуш ю Нохчийчоь. Иза билгалдолу Нохчийн Республикин Парламенто луларчу Дагестанан куьйгаллехь волчу В.Васильевга бинчу кхайкхамехь.

Нохчийн парламентареша довзуьйту и болх хӀинццалц сацийна хиларан бахьана а – дозанца болчу Дагестанан бахархошна оцу белхан хьокъехь хууш хӀумма а цахиларо питанаш деш хилла хилар.

Иштта, депутаташа билгалдоккху Нохчийн Республикина Дагестанан латта оьшуш цахилар а, шен латтанаш дӀалург цахилар а.

Дагестанан куьйгалло цкъачунна жоп доцуш битина шайга бина кхайкхам.

№44, асаран (июнь) беттан 9 де, 2020 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: