«Азимут» авиакомпанин кеманаш, юха а, «Соьлжа-ГӀала – Дона-тӀера-Ростов» авиамаршрутехула дӀасалела дуьйлалур ду карарчу беттан 13-чу дийнахь дуьйна.

Цкъачунна болчу хаамца нийса а догӀуш, оцу маршрутехула кеманаш кӀиранах 3-зза – шинарин, еарин, шоьтан деношкахь – лелар ду.
Иштта, «Грозный» аэропортан пресс-службо билгал ма-даккхара, селхана дуьйна Сургуте лела а дуьйладелла кеманаш.
Цига, хьалха а санна, «UTair» авиакомпанин кеманаш лелар ду.
№44, асаран (июнь) беттан 9 де, 2020 шо