ПIераска – иза денойн эла ду, аьлла, оцу дийнахь рузба деш хиларна. Дала даздинчу оцу дийнахь рузба дар важиб дина тIедиллина бусалбанашна. Ладаме бахьана а доцуш, тIекIал кхузза рузба дитинарг мунафикъаллина чувожар кхерам а болуш.

Делахь а, Везачу АллахIа вайна тIедиллина дац вайн ницкъ кхочуш доцург, вайн догIмашна а, синошна а кхераме дерг. Шайн догIмаш хIаллакьхиларе ма кхийса боху вайга АллахIа. Бакъву Иза Шен дашехь!
ХIинца вайна тIехIоьттинарг, хIара карахь берг, кхераме мур бу, коронавирусан ун дуьненахь даьржаш хилар а, оцу уьно тIеттIа керла адамаш «лоцуш» хилар а бахьанехь. Цуьнца доьзна, рузбанан а, жамаIатан а маьждигаш ханна дIакъовла дезна бусалба ерриге а пачхьалкхашкахь а, бусалбанаш бехачу кхечу пачхьалкхашкахь а.
Нохчийчоьнан бусалба динан урхалло а бина, цхьа-ши бутт хьалха, изза сацам. Вай, бусалбанаш, оцу тешнабехкечу уьнах лардархьама бина и сацам. Иза нийса бина хиларан цхьа а шеко а яц. Вай и къобал бан а беза, ларбан а беза.
ТIаьхьарчу шина-кхаа кIиран чохь республикерчу рузбанан даккхийчу маьждигашкахь юха а, Делан къинхетамца, дIадолийна рузбанаш дар. Амма и Iибадат вовшийн лардеш, вовшашна дукха герга ца гIерташ, вовшийн куьйгаш ца лоьцуш, марадетталарах ларлуш, дахьара бохуш дехарш до вайга. Кхузткъа шарал тIехбевллачаьрга хIара хьал малдаллалц, ун жимдаллалц шайн чохь собардахьара бохуш дехарш ду вайга деш.
Делахь а, цхьаберш и дехарш хезаш а, тергалдеш а бац. Ур-атталла хьалха маьждигашна пIераскан дийнахь гуо туьйсуш тIехбуьйлуш хилларш а маьждигашка гIерташ бу, шайн а, шайн доьзалийн а, юххерчеран а дахар кхерамна кIел а туьйсуш. И мегар дац.
Жимма собаре хила дезара вай. Вай кIеззиг сатоьхчахьана, коронавирусан ун вайна юкъара, Дала мукъ лахь, дIадер ду! Тахана, муфтис, Iеламнаха, Iедалан векалша шайн чохь совцахьара бохуш хилча, ларло бохуш хилча, вайна тIехь дацара рузба дар, АллахIа вай гIопал а лорур дацара.
Вайга бохург а деш, чохь совца дезара вай. Рузбане ваханарг а шена юххерчунна гергга ца гIерташ, вовшашна юкъахь цхьаъ ах-ши метр юкъ хир йолуш дIахIотта а везара, Iамал ян а езара. ТIаккха, Делан къинхетамца, ун даржарх лардала тарлора вай.
Дала мукъ лахь, кестта тIекхочур ю вайн гIаланашкарчу а, ярташкарчу а дерриге а маьждигаша шайн неIарш бусалбанашна шуьйрра схьайоьллу йолу хан. Иза хирг хиларна тоьшалла ду вайн даккхийчу маьждигашкахь, ткъа иштта Маккахь а, Мединатехь а рузба дан долийна хилар. Вай лелочу бахьанех доьзна хир ду дерриге а.
Везачу АллахIа Ша резаволу Iамал яр а, Iибадат дар а лойла вайна! Дала ийманехь совдохийла вай!
С.ХАСАНОВ
№46, асаран (июнь) беттан 16 де, 2020 шо