А-Хь.Кадыровн цIарахчу фондо Дагестанерчу 10 эзар доьзална 300 тонна кхачанан сурсаташ дахьийтина

Луларчу Дагестане рогIера гIо-сагIа дахьийтина Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолчу юкъараллин фондо.

Оцу республикерчу 10 эзар доьзална дахьийтинарг 300 тонна кхачанан сурсаташ ду.

Хала бохкучу доьзалшна дахьийтинчу кхачанан сурсаташна юкъахь картолаш, хохаш, шекар, дама, ораматийн даьтта, гарзанаш, жижиг, кхиерг ю.

Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана, фондан президентана а, белхахошна а баркалла а олуш, луларчу республикин бахархошка динчу видеокостехь билгалдоккху цу тайппанчу беркатечу, къинхетамечу, вовшах доглазаран гIуллакхаша Нохчийчоьнан а, Дагестанан а халкъийн вовшашца долу гергарлонаш а, зIенаш а чIагIъеш хилар.

Дагестанерчу бахархоша дог реза дина схьаэцна шайна даийтина долу сагIа. Цара даггара баркалла боху Нохчийчоьнан а, фондан а куьйгалхошна.

№46, асаран (июнь) беттан 16 де, 2020 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: