Хица кхачояр тIеттIа толуш ду

Нохчийн Республикин Куьйгалхочун дехар кхочуш а деш, Курчалойн кIоштахь йолчу ярташкарчу бахархошна хица кхачояр кхин а тодарна тIехьажийна белхаш бу беш.

Иштта, Ахьмад-Юьртахь 2 200 метр керла хин биргIанаш ехкина. Ткъа Iаларойн-Эвлахь ехкинчу керлачу хин биргIанийн йохалла 5 500 метр ю. И белхаш бина «Нохчийн Республикин бахархойн хIусамийн-коммунальни бахаман хьашташ кхочушдаран дикалла лакхара хилийтарна кхачоярна хьелаш кхоллар» подпрограммица нийса а догIуш.

Иза кхочушъеш бу Нохчийчоьнан гIишлошъяран а, хIусамийн-коммунальни бахаман а министерствон говзанчаш а, белхалой а.

Кхочушдеш долчу оцу гIуллакхаша таро лур ю бахархошна цIеначу хица кхачоян а, хица кхачоярехь нислуш долу кхачамбацарш дIадаха а, биргIанаш лелхарца боьзна бохамаш ца хилийта а, – боху Курчалойн кIоштан администрацин пресс-службин векалша.

№46, асаран (июнь) беттан 16 де, 2020 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: