Кегий хинкеманаш лело бакъо муха ло?

Цу хьокъехь дерг юха а довзийтина регионан бахархошна Россин МЧС-н Нохчийн Республикехь йолчу коьртачу урхаллин пачхьалкхан инспекцин белхахоша.

Цара чIагIдарехь, экзамен дIаяла веанчун теорин хаарш а, хинкема лелоран говзалла а талларан болх а дIахьо 10 дийнан дохаллехь. Оцу талламан жамIашкахула тIеоьцу экзаменаш дIалучунна бакъо яларан хьокъехь болу сацам.

Вайн махкахь гIуллакхдеш долчу законашца нийса а догIуш, регистраци ян дезаш ду кегий хинкеманаш. Цу юкъа ца догIу 200 кийлане кхочуш деза доцу а, шайн моторийн нуьцкъалла 8 киловате кхочуш доцу а кеманаш.

Хинкеманаш лелочарна аттестаци яр я кегийчу хинкеманашна регистраци яр дIахьо Россин МЧС-н Нохчийн Республикехь йолчу коьртачу урхаллин хин объекташкахь адамашна кхерамза хилийтаран отделехь, оьшуш долу тептарш чуделчахьана.

Аттестаци ярна юкъавуьту 18 шо кхаьчна а, могашалла дика йолу а, теорин а, практикин а хаарш долу а, шен долахь жима хинкема долу а муьлхха а стаг, – хаам бира лакхахь хьахийначу отделан хьаькама Алхаев Аслана.

Хь.САИДОВ
№46, асаран (июнь) беттан 16 де, 2020 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: