Дукха хан йоццуш Оренбург гIалахь чекхъяьлла дзюдохула Европин кубок къовсарехула йолу турнир. Цигахь дакъалоцуш 17 пачхьалкхера 252 спортсмен вара.
ДегIан йозалла 90 кийла йолчу категорехь леташ волчу Жамбеков Сайд-Эмис турнирехь шен хьалхарчу латарехь атта толам баьккхира. Ткъа ахфиналехь Хачиров Петрца хиллачу латарехь нохчичо хьалхарчу минотехь дуьйна хаийтира ша толам боккхург хилар. Иштта, финалан цхьаьнакхетарехь вайн махкахочун лата дийзира Францехь дика вевзаш волчу Клергет Аксельца. Чулацаме дIадаьхьира шина спортсмена и латар. Амма Жамбеков Сайд-Эмина толаме кхача кIеззиг зеделларг ца тоьира. Иштта нисделлачу хьелашкахь дато мидал яьккхира нохчичо.
Билгалдаккха догIу оцу къийсадаларшкахь Россин вовшахтоьхначу команди юкъахь леташ кхин пхи нохчи хилла хилар. Бакъду, уьш толаман меттигаш яхарца билгал ца бевлира.
«Дашочу лакхене» ца кхачабелира
Чекхдаьллачу кIиранах Румынин пачхьенехь Бухарестехь дIаяьхьира кегийрхошна юкъахь греко-римски кепара охьатохархлатарехула йолу дуьненаюкъара турнир. Оцу къийсадаларшкахь дакъалоцуш 20 пачхьалкхера 300 спортсмен вара. Царна юкъахь Россин вовшахтоьхначу командин декъашхо волу Висаитов Аслан а, Курбанов Сидикъ а, Лабазанов Нохчо а вара.
ДегIан йозалла 74 кийла йолчу категорехь леташ волчу Курбанов Сидикъа шен «довхошка» цхьа а балл ца йоккхуьйтуш финале велира. Амма финалехь леташ вайн махкахочунна цхьа кIеззиг аьтто ца тоьира. Иштта финале велира Висаитов Аслан а (60 кг), Лабазанов Нохчо а (96 кг). Бакъду, уьш а турниран коьртачу латарехь толаме ца кхачабелира.
А.АДАМОВ
еара, 28 май, 2015 шо, № 58