Латта, мохк, Даймохк дешнаш а, кхетамаш а цхьа маьIна долуш а, цхьатерра деза а, сийлахь а хилла вайн дайшна. Шен латта, шен мохк ларбар цхьатерра деза хилла массо а нохчичунна. Цундела боккха сий-ларам хилла латталелорхочуьнга, лаьттан хама беш волчуьнга.
Азаллехь дуьйна нохчаша къилахь лоруш хилла латта бехдар, тIаламазаллица цунах пайдаэцар, хIунда аьлча, латта вайн юкъара хьалбахам хилла Iаш бац. Иза хIоранна кхерч шена тIехь лаьтта мохк а бу.
Уггаре а коьртаниг – латта ду вай кхобушдерг, вайна рицкъ, АллахIан лаамца, схьалуш дерг. ТIаккха сийлахь а, деза а ца хуьлийла дуй иза! Дера дац. Цунах тIехдика кхеташ хилла вайн дай. Иза дика гойту вайна вайн иэсехь даха дисинчу, вайн хьекъалчаша вайна схьакхачийначу дийцарша.
Лаьмнашкахь даима а къелла хилла дуьйшлелочу лаьттан. Тайпа-тукхамаш дебарца и къелла алсамйолуш хилла шо-шаре даларца, доьзалш, бов бохуш, охьаховшорца доьзна. Царна дуьйш-лелон латтанаш лоьхуш, хьаннашкахь, лаьмнашкахь керла ирзош дохуш хилла, кIотарш йохкуш хилла.
Цигахь ялта кхио долош хилла. Коьртачу декъана хьаьжкIаш юьйш-лелош хилла, царах доккхучу ахьарх токхе кхача хуьлуш хиларна. Цхьа ког биллал йолу меттиг а пайда ца оьцуш юьтуш ца хилла. Шайна рицкъ латтош долу латта гурахь а, бIаьстенан юьххьехь а овкъаршца, кхеллица хьандеш хилла.
Вайн юьртарчу бIе шарал тIехваьллачу къаночо тхан бераллехь дуьйцура: «Тхан кхоалгIа да-нана хIокху юьрта схьакхелхина лаьмнийн махкара. Шаьш кхуза схьакхелхаш цара шайца шайн дай баьхначу махкара, иза Нашха бу, киси юкъа а хьарчийна, лаьттан цинц беана. Кхузахь дуьххьара охана деш, и латта керла динчу оханна тIе хьаьрсина… Шайн дай баьхначу махкаца йолу уьйр-марзо чIагIъян, зIе хоттаран, беркат беркатах дозаран шатайпа некъ, ламаст дара иза… Тахана а суна оцу махкахь хиллачу лаьттан чам хаало кхузахь».
Тхуна даима а лаьттан хама-пусар дарехь масал хилла лаьттара и къано. Цунна дика девзара лаьттан хьал. Цо охана дIадолийчий бен юьртахь охана дIа ца доладора.
«Латта самадалаза ду… Латта дохдалаза ду… СадаьIна далаза ду… Шийлачу лаьттана тесна хIу цомгаш хуьлу, тIаккха иза ледара кхуьу», – олура цо.
И санна лаьттан хьал дика девзаш къаной вайн ерриге а ярташкахь бара. Дуьйшлелош долу латтанаш стенна хьехадо, дохнан хьаьрмех, даьхний дажош йолчу меттигех а эвсараллица пайдаэца Iамадора цара.
«УьстагI, бежана даьжначохь говр ежар яц. Цкъа хьалха дежийлашкахь говраш яжийта еза, цул тIаьхьа бежанаш, уьстагIий», – хьоьхура цара.
Церан хьехамех пайда а оьцура.
Сан цергахь а цхьаьннан а кертахь цхьа ког биллал латта а тесна ца дуьтура. Ткъех соти дуьйш-лелош латта дара хIораннан а. Ялтина, хасстоьмана билгалъяьхна шен-шен меттигаш яра. Iедалан балхахь хиллехь а, бIаьстенан юьххьехь стерчашца я говрашца кха аха а, хIу дIаден а, кхидерг дан а ларабора доьзалийн дай-наной.
Цул сов, шайн доьзалш а Iамабора охана дан, асар дан, лаьттан чам бовза. Тхуна доккха совгIат хуьлура охана дечу хенахь стерчийн я говран юьхь лацар тхайх тешийча. ХIинца а лерехь хезаш санна хета: «Хорша, хорша!» – бохуш, стерчий хорша лохкучо хьоькхуш хилла мохь…
И дIадаьлла цкъа а ца хилча санна. Иза кхин юхадогIур а дац аьлла хетара юьртара юьрта воьдуш тесна лаьтта керташ, къух даьлла кхаш гича. Оцу сурто дог Iовжадора. Вай лаьттах хердалар, цуьнан хама бар лахдалар лазаме дара. Латта вайга кхойкхуш, вайга сатуьйсуш долуш санна хетара. Эхь хетара. Лаьттан кхоам хетара, вай кхобуш долчу. Вай цхьа буьртиг кIа, хьаьжкIа дайийча, вайна лаххара а 40 буьртиг кIа а, 100 буьртиг хьаьжкIа а Делан лаамца юха схьало-кх латто. Ма доккха хIума ду иза. Ма доккха беркат ду иза. АлхьамдулиллахI!
Вай Далла хастам бан безаш гIуллакх ду-кх иза.
Нохчийчоьнан Куьйга лхочо Р.Кадыровс кхайкхам а бина, шегара масал гайтича, вайн гIаланашкарчу а, ярташкарчу а эзарнаш, эзарнаш бахархоша шайн дIатесна лаьттинчу хьеначу лаьтта тIехь белхаш бина, тахана а беш а бу.
Дукха наха хьаьжкIаш, картолаш, жIонкаш, копастанаш, хохаш, гIабакхаш, кхиерг дIайийна, кхиош ю. Коронавирус йолчу хIокху чолхечу хьолехь дуккха а нехан самалхадаьлла-кх шайн лаьтта тIехь болх бар бахьана долуш…
Масех де хьалха, Соьлжа-ГIаларчу цхьана урамехула схьавогIуш, бIаьргкхийтира сан эсалчу аьхкенан мохо гIад техкочу хьаьжкIийн.
Баккъал а дагна хьаам хилира гIали юккъехь уьш кхуьуш гича. ЭхI ма беркате ду-кх вайн латта. Вай лаьттах дIаIоьттинарг кхуьуш ю-кх. ТIаккха муха дуьтур ду иза дIатесна? Вай муха дитина хилла те и тесна?
ХIинца мукъана а, Кадыров Рамзана гайтинчу масалх, цуьнан дIадолорах пайда а оьцуш вай хийца еза лаьттаца хилла вешан юкъаметтиг. Цунна кхин а чIогIа тIедерза деза. Лаьттаца болх баро синтем бина ца Iаш, ойла токхе еш хилча муххале а.
«Ша шен куьйгашца шен кертахь дIайийна йолу хIума денъелча, кхиъча мел чIогIа самукъадолуш хилла! Цуьнан мах тахана бен ца хии суна», – бохура вайн коьртачу шахьарахь кхиъначу Султана.
Цо дийцарехь, дийнахь шозза-кхузза воьду иза ша дийначу кха тIехь кхуьуш болчу хасстоьмашка: хохашка, хорсамашка, буракашка, жIонкашка, кхоьшка… хьажа.
Дала марздойла вайна лаьттаца болх бар. Вай кхобуш долчу лаьттан бан ма-беззара хама бар. Лаьттан сий дан хаарца бен кхочур вац мехкан сий дан хааре а. Вай лаьттах кхоьллина а ду, юха оцу лаьтте доьрзур долуш а ду. Вешан оьмар чекх а яьлла, лахьти чу дерзош вайна тIехьорсуш дерг а ду «Инна анзалнахIу» сурат шена тIехь дешна долу деза латта! Цуьнан ойла ян езара вай.
С.ДАДАЕВ
№46, асаран (июнь) беттан 16 де, 2020 шо