Кадыров Рамзан: Вайн командехь Ахьмада ша говза а, каде а жима стаг хилар гайтина

Нохчийн Республикин Правительствехь кадрийн а, структурийн а хийцамаш бина. Иза билгалдаьлла Кадыров Рамзанан Премьер-министраца Хучиев Муслимца а, НР-н Куьйгалхочун гIоьнчица, «Грозный» НПТРК-н директорца Дудаев Ахьмадца а хиллачу цхьаьнакхетарехь.

Хучиев Муслиман дIадолорца Нохчийчоьнан Куьйгалхочо сацам бина Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствон декъехь реорганизаци еш, цунах Нохчийн Республикин зорбанан а, хаамийн а министерство ян.

ХӀинццалц оцу ведомствона куьйгаллехь лаьттина Умаров Джамбулат керлачу дарже хӀоттийна – хӀинца дуьйна иза Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочун I-чу заместителан даржехь хир ву. Ткъа керла вовшахтухуш йолу Нохчийн Республикин хаамийн а, зорбанан а министерство Нохчийн Республикин Куьйгалхочун гӀоьнчах, «Грозный» НПТРК-н директорах Дудаев Ахьмадах тешийна.

Кадыров Рамзана билгалдаьккхина Дудаев Ахьмадах ша тешош йолу министерство кхочушдаран органийн могӀарехь уггаре а маьӀнечарах цхьаъ хилар а, цуьнан болх керлачу тӀегӀане баккха безаш хилар а.

«Вайн командехь Ахьмада ша говза а, каде а жима стаг хилар гайтина. Цундела со реза ву кхунах и министерство тешо а, оцу ведомствога зорбанан а, хаамийн а декъехь болх байта а», – элира республикин Куьйгалхочо.

Шен белхан оццул лакхара мах хадорна а, шех иштта дарж тешорна авистхуьлуш, керлачу министра хаийтира нохчийн шуьйрачу хаамийн гIирсашна мел оьшург латтош а, гIо-накъосталла деш а республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан хилар бахьана долуш, болх бан гIирсаш а, ир-карахIиттина дог-ойланаш йолуш нохчийн журналисташ а хилар.

«Лараме Ахьмад-Хьаьжин Рамзан, ахь деш гIо-накъосталла мел ду, тхуна болх бан цхьана а кепара хала дац-кх. Айхьа цхьаъ де олуш хилча а, иза дан цкъа аьтто а, таро а кхуллий бен, тхоьга олуш дац ахь иза. Иштта сурт кхечанхьа наггахь а хала карор ду аьлла хеташ ву со», – олуш, шена хетарг довзийтира Дудаев Ахьмада.

И.ИСЛАМОВ
№47, асаран (июнь) беттан 19 де, 2020 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: