Республикин пачхьенна юккъехь жигара дIахьош бу керла микрорайон яран белхаш. 1 эзар гергга петар а йолуш хир ю иза йина яьлча… Билггал аьлча, 998 петар а йолуш.

Дукхапетарийн комплекс яран белхаш дIаболийчахьана дуьйна дIабаьлларг 8 бутт бен боццушехь, гIишлошъярхойн дикка каяьлла – дукхапетарийн цIенойн баххаш а, хIора а гIишлонан масех гIат а чекхдаьккхина цара.
Объектехь къахьоьгуш «Грозгражданстрой» юкъараллин 500 сов белхало а, 12 техника а ю. Билгалдаккха догIу и проект инвестицийн чоьтах дIайолийна а, еш а, чекхйоккхург а хилар. ГIишлошъярхоша бетонаца хьалаюза (пенаш доттарца) езаш ю 90 эзар квадратан метр.
Комплекс, 12 гIат долчу 6 цIийнах а, 16 гIат долчу 7 цIийнах а лаьтташ хир ю. Иштта, бахархошна лерина, лаьтта бухахь йолу паркинг а, кечйина уьйтIе а, махлелоран туьканаш а хир ю.
Цул сов, комплексана герггахь (уьйтIахь ала мегар долуш) берийн беш а ю, карарчу хенахь еш школа а ю.
Ша комплекс тIедогIучу 2021-чу шеран чаккхенехь дIаерзо а, схьаелла а лерина.
Дагадоуьйту оцу комплексехь белхаш дIаболорехь республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана а дакъалаьцна хилар.
Комплекс, билггал аьлча, Соьлжа-ГIаларчу Хь.Орзамиевн урамехь еш ю, хьалха, халкъалахь «Зеленый рынок» цIе лелаш а йолуш, базар лаьттинчу майданахь.
И.САЛАМОВ
№47, асаран (июнь) беттан 19 де, 2020 шо